Оьрсийчуьра политикан хьолан куьзга санна лору Малхбузерачу тергамхоша цигахь кеста дIахьон долу Олимпикан ловзарш. Цу пачхьалкхарчу коррупцийн а, адамийн бакъонаш хьешаран а, Iедалан сонталлийн а масалаш го царна цу спортан хиламехь.
Немцойн канцлер Меркел Ангела Сочерчу Олимпикан ловзаршка йоьду я ца йоьду бохург хIинца билгалдаьлла дац, и ловзарш дIадоладала масех де бен ца дийнехь а. Амма Берлинерчу Малхбалера Европа талларан Iилман юкъараллехь Оьрсийчуьра хьал дийцаре дан гулбелла хиллачу тергамхошка хаьттича, цара, шеко а йоцуш, Меркелна Соче ма гIо, аьлла хьехар дийр дара.
Хьун хьал ду Оьрсийчуьрчу политикехь? Муха тIеэца йогIу и пачхьалкхе дуьненан юкъаралло а, пачхьалкхийн куьйгалхоша а? Мича тIегIанна тIехь ду цигахь адамийн бакъонаш ларйар а, юкъараллин кхиина хилар а? Цу хеттаршна жоьпаш лаха гулбеллера Малхбалера Европа талларехь тоьлла Iилманчаш а, политологин говзанчаш а немцойн коьртачу шахьарехь. Кхин башха да воккхавен жоьпаш дацара цара цу хеттаршна делларш.
„Халкъ Iедална дуьхьал, Iедал хьалкъана дуьхьал“ - иштта лара мегар ду Оьрсийчохь кху тIаьхьарчу ткъех шарахь лаьтташ долу хьал“, - элира вевзаш волчу немцойн Оьрсийчоьнах аналиста Шредер ХIанс-ХIеннинга. Берлинерчу „Iилма а, политика а“ цIе йолчу фондан белхало волчу цунна хетарехь, и тайпа Iедалий, халкъий вовшашна бIостанерачу позицешкахь хиларо оьрсийн юкъараллехь цкъа а ца туьйш болу гамонан, кхераман а синхIоттамаш латтабо.
Бакъду, и синхIоттамаш дукхахьолехь лечкъина, гуш боцу, я политикийн маттахь аьлча, латенталле хуьлу. Цундела лору Шредера оьрсийн къам цкъачунна шайн махкахь Украинерчух терра йолу Майдан хIоттон гуьнахь доцуш.
Немцойн dpa агенталло баржийначу хаамашца, вевзаш волчу аналиста тиламе диллира, тIаьхьарчу ткъех шарахь Оьрсийчохь цхьа а хIара бу аьлла хьахон йиш йолу шуьйра халкъан гIаттам хилла ца хилар, Iедало мел нехан маршонаш ехкарх а, уьш гаррехь цуо хьешарх а. Политологна хетарехь, цуьнан бахьана халкъо шен долара куьйгаллин архаш Iедална дIаяларехь лаха догIу.
Ткъа куьйгаллерачу Iедалхоша цунах шуьйра пайдаоьцу. Бакъду, бохуш дийцира цуо, нагахь санна Путина куьйгалла динчу хьалхарчу бархI шарахь цу стеган харизма а, цуьнан амалш а, леларш а, цуо дIахьочу автократаллин политикца цхьаьна, мелла а дика жамIаш гойтуш хиллехь, - масала, могIарерачу бахархошна иза товш, я бахархойн экономикан хьелаш мелла а гIолечу дохуш, - тIаьхьарчу заманчохь цунах кхин башха гIуллакх ца хуьлу. Цундела Кремл, лаахь а, ца лаахь, керла некъаш ца лехча ца йолу, къам шена дуьхьал ца далийтархьама.
КесталгIа дIайолалуш йолу Олимпиада а, масех шо даьлча Оьрсийчохь дIахьон йолу футболан дуьненан чемпионат а оццу Iалашонна лелош хета аналисташна Кремлан дайша- адам цу хIуьц-пуьцолгашца цхьана ханна мукъане а Iехон а, нехан шайн къомах а, пачхьалкхах а долу дозалла алсамдаккха, цхьана муьрана цу халкъан тидам политикан хьелашна тIера дIа а айбеш.
Цунна тIетайра лерина Москохара цу форумехь дакъалаца веана хилла волу профессор Загорский Андрей а. Москохарчу МГИМО институтан дуьненаюкъарчу юкъаметтигийн кафедрин куьйгалхо волчу цунна хетарехь, Евробертан куьйгалхошна юккъехь ша Путинца цхьана тIегIанна хIоттон кийча а, цуьнца доттагIаллин юкъаметтигаш лелон лаам болуш цхьа а стаг ца хиларо шина агIонан юкъаметтигаш кхин а холчу йоху.
Иза вуно дика гойту кху деношкахь схьадоьллучу Олимпикан ловзаршка ван реза хилла кхиинчу Малхбузерачу пачхьалкхийн куьйгалхойх наггахь стаг а ца хилар. „Путин диктатор ву“, я „Оьрсийчохь демократи яц“, цундела ца догIу тхо цига ала царех цхьа а ца хIоттахь а, амма уьш Соче ца бахкаро гойту церан таханлерачу Оьрсийчоьне болу бакъболу хьежам, аьлла хеташ бара Берлинехь гулбелла хилла тергамчаш.