Протестан болам а, юкъ-кара цунах тийсало полицин дакъош а Украинан майданашкахь лаьтта даьлла массех кIира. Кхачош ду шина а агIонан собар. Хетий те цигарчу президентна Янукович Викторна Iедалан ницкъаш даима а шегахьа хир бу аьлла? Оцу хьокъехь ю Маршо Радион корреспонденташа Ярмощук Тетянас а, Коулсон Роберта а кечйина артикл.
Дахначу кIиранах Ю-Тюбехь цхьа гайтам арабелира, Украинин Кхерамзаллин Урхаллин Ивано-Франковскерчу декъан эпсар ву ша бохучо, юьхь тIе туьмIаьжиг а йоьллина, ша а, шен масех накъосто а дарж дуьтуш хиларх лаьцна къамел деш. «Альфа» тобанера ву ша бохура цо.
Ю-Тюбехь къамел дийриг: «Оха тобадина Украинан халкъана. Тхан сацам бу халкъах ца къаста. Тхуна ца лаьа зуламе омранаш кхочушдан».
Бахначу беттан тIаьххьарчу дийнахь Ю-Тюбе йиллина кхин а цхьа видео. Цу чохь гойтуш ду Киевехь протестхошна дуьхьал лаьттачу полисхойн Iедална лер.
КIиранашкахь лаьттачу протесташа гайтина, къарлуш боцийла президентна дуьхьалберш. Амма тоьлуш дац хIоьттинчу хьолехь я Iедал а. Пачхьалкхан итт регионехь лаьцна кхобу оппозицино гIалийн урхаллаш, аьлча а, церан цIенош. Хаттар лаьтта тахана: дакъошка-м ер яц те Украина?
Амма полицино а, эшначу сохьтехь нах ницкъаша совцон арабаьхначу кхечу ницкъаша а Януковична букъ гайтахь-м духу протестхошний, Iедалний юкъа, толамхо воцу кеп гойтуш, догIаделла лаьтта терза.
Галеотти Марк Нью-Йоркерчу университетан эксперт ву, цуьнан талламашкахь ю Советан Iедал доьхча кхоллаеллачу мехкийн кхерамзалла. Украинера ницкъаш, «Беркут» саннарш, масала, халкъах къаьсташ, леррина кечбина, Iедало шена муьтIахь хилийтархьамма дика кхобуш нах бу, боху цо.
Галеотти: «Уьш тайп-тайпана адамаш ду. Доккхачу декъанна, гуттара а эскаршкахь гIуллакх дина нах бу уьш. Зоьртала бу, амма синкхетам церан гена баьлла бац. Царех кест-кета пайдаоьцу, уьш дера, шайн болх хууш, дика Iамийна нах бу – бакъду, нийсонца ду цаьрга дойтург олийла-м дац».
Галеотти Маркна, экспертна, хетарехь, Украинехь гIоьртина лаьтта хьал дахлахь, цуьнан леринчу ницкъийн хир хада а тарло, Iедална тIехIоьттина лаьттачуьра и ницкъаш юхабовла а тарло. Даима а санна, халкъах а къастабой, шайна хIиттийначу каппашкахь кхобу и ницкъаш, сахьт дац цигарчу эпсарийн баррикадашкахь лаьттачу нахехьа дог-ойла ерза а, аьлла хета Гелеоттина.
Галеотти: «Киевера араиккхина, конфликт генаяла а, кIаргъяла а тарло. «Беркутан» бIаьхойх цхьаберш, уьш беххачохь гулбина а, циггахь белхаш беш а бу, гуламашкахь Iечу шайн гергарчу нахе, беза-бевзачаьрга дог хIотта а тарло церан. Украина Европан дакъа хила деза, Оьрсийчоьнан олаллера яла еза бохуш лаьттачу нехан аз церан дагах ца кхеташ дуьсийла дац».
Иштта сурт хIоьттира Советан Iедал духуш а, Горбачевна дуьхьал карчам бича, Iедалан ницкъашкахь болу нах бовда-м ца бевдира, амма хьолана юкъа ца гIерташ севцира, иштта меттиг еъча эпсаршна атта ду юьстахбовла
аьлла, дустар а далийра Галеоттис.
Галеотти: «Масала, Львов-гIалахь «Беркутан» эпсар суо хилча, ас ойла йийр яра долучу суьрте а хьаьжна, стенна оьшу суна духуш лаьттачу Iедалехьа хила, хила лаьий сайна беттанашкахь кху нехан кхелахо. Уьдур бац «беркутхой» суна хетарехь, амма кхуьуш бу церан юкъа ца гIерта лаам».
Галеоттис бохург хила тарлуш дуйла а кхетош, гарехь, Iедалша чIагIбийр бу ницкъахойн могIарш.
Чоьхьарчу гIуллакхийн министран гIовса Ратушник Виктора дахначу кIиранах дIахьедира, министрийн кабинето кхин а ахча делла полици чIагIъян, аьлла.
Ратушник: «Къепаллин ницкъийн могIарш буьзина бацар а лоьруш, тхуна кхин а ахча делла Iедало. 14 процентна ца тоьа белхахой».
Тергамхошна а, оппозицин лидершна а хетарехь, кхин а 45 эзар стаг балха эца мега полицино.
Делахь а, «Беркут» белхалхойх юза атта дац, и нах каро беза, эхашарахь-м муххале а Iамо беза, элира Украинерчу Маршо Радион сервисе оппозицехь йолчу «Батькивщина» партин депутата Москаль Геннадийс.
Москаль: « Иштта дIа кIолам хьаькхча, я беккъа дIа политикехь лаам хилча, кхуьуш вац «Беркутна» керла эпсар».
Нагахь санна Янукович Виктор кхерамзалла эскарийн гIоьнца чIагIъян лууш велахь, телхар ду цуьнгара хьал, цо кхин а дардийр ду къам, боху Iамеркарчу аналитика Галеотти Марка.
Галеотти: «Тхан меттиг бац политикан ловзаршкахь», нийсса элира цхьана эпсаро. Пачхьалкхан малхбузехь къаьсттина вайна гуш ду, нах ницкъашка ладугIуш боцийла. Ткъа ницкъ юкъаозабахь, оцу некъо баккъал а дуьгур ду Iедал».