Конституци къовсуш ю Украина


Украинан парламент – Рада – конституцица хинболчу хийцамийн проект йийцаре еш яра оршотдийнахь. Ткъа кризис хIоьттина цуьнан балха тIехь оцу хийцамашца доьзна.

Майданашкахь лаьттачу гуламхойн лаам тIебаккха гIертачу оппозицин лидершна хетарехь, юхаяло еза парламентан карахь Iедал алссам а латтош, президентна хIинцачул дуккха а кIезиг бакъонаш луш хилла, 2004-гIа шо тIедаллалц лелла конституци.Президент Янукович Виктор а, доккхачу декъанна цуьнгахьа болчу депутатех а лаьтта парламент дуьхьал ю и хийцам бан.

КIирандийнахь Киеверчу гуламехь къамел деш оппозицин лидерех волчу Кличко Виталийс элира, шира конституци юхаяло еза, Украинан президентах къоман диктатор ца хилийтархьама, аьлла. Кхерамзаллин ницкъаш самалла совъяккхина латтабо Iедало эаропорташкахь, ток йоккхучу станцешкахь, транспортан а, кхечу а урхаллашкахь.