Нохчочуьнгара доцург даккха гIерта Тбилиси


Лурчаха Лапанкури-юьртана гергарчу хьаннашкахь, 11 нохчо а вуьйш, гуьржийн ницкъаша тIеман операци дIаяьхьарна президентан даржах мукъаваьллачу Саакашвили Михаилан го бехке беш, бертаза шегара дареш даха гIерта Гуьржийчоьнан къайлаха сервис, аьлла, рогIера дIахьедар дина гуьржийн прессехь цигарчу вахархочо, къомах нохчо волчу Музаев Сайхана.

Хууш хIума а доцуш, бевзаш боцчу нахана тIелен шена ца лаьа, цундела ша ваха а, Iан а ца вуьту, элира цо Маршо Радионе а. ХIинца махкара бакъоларъярхой бу Музаевна тешнабехк Iедале ца байта къахьоьгуш.