Вайнах махках бохийна кху беттан 23-чохь 70 шо кхачар, Нохчийчуьрчу Iедало ца хьахош дуьтуш делахь а, цунна къера хилла совца дагахь бац, дегнашца къонахалла йисина нохчий. Дуьненна а къоман лазам бовзуьйту барамаш кечбан гулбелира шоьтан дийнахь Соьлж-ГIалара жигархой.
Шортта бахьанаш цул тIьхьа дийлитина нохчаша, хIинца а дуьлуьйтуш ду шайгара, шайна тIе бохамаш кхин а хIиттийта. «Духур дац, доьлхур дац, диц дийр дац» аьлла,20 шо хьалха махкахь Iедало бина, ткъа шаьш юхьарэцна хилла кхайкхам бицбина юкъараллано, масала.
Къам доьхна а дац, доьлхуш а дац ца олуьйту дуккхаъчу тергамаша. Ткъа«диц дийр дац» аьлларг-м тахана хийра нахана хийр стаг а хета, цунна тIе пIелгаш а хьажобо.
Нийсса цхьа кIира даьлча 70 шо кхочу нохчийн къам Сталина махках даьккхина. Кхидолчу, мелла а барт болчу къаьмнаша, шайна хилла и тайпа бохам билгалбоккхуш, Iедалан мел болу ницкъ а, таро а хир яра тIехьажийна. Амма Нохчийчохь къоман бохаман де, Советийн заманахь санна, даймехкан бIаьхочуьн я ЦIечу эскаран салтин де санна лоруш ду.
Iедал оцу денна петоьхна дуьсуш делахь а, Кавказерчу Къаьмнийн Ассамблея ю шен кечамаш беш. Дуьйцу цуьнан декъашхочо Шуаепов ИбраьхIима.
Шуаепов: «Тхан комитетна юкъавогIуш 25 стаг ву. Зеделла а, теш хилла а, депортацин хиламаш теллина а нах бу уьш. И хIума дицдан йиш йоцийла хууш болу нах бу. Дийнна шарахь махках дахарца боьзна цхьацца гуламаш а, кхеташонаш а дIахьор ю оха. Дагалеца бисинчаьрга лелларг а дуьйцуьтуш, цунах лаьцна цхьа кино а яьккхина, иза берашна школашкахьа гойтура ю».
Кавказерчу къаьмнийн ассамблеяно кхайкхам бина, хIара шо дIадохийначу къаьмнийн тезетан шо лара аьлла. Иза къобал дахь а, ца дахь а, и лаам бу цеуьнан. Юьхьанца Соьлж-ГIалахь дIахьор ю дохор дагалоцуш конференцеш.
Шуаепов: Чиллан беттан 18-чу дийнахь пачхьалкхан дозанал арахьа бехачаьрца дист а хуьлуш, онлайн зIе а хIоттор ю. Казахстанера схьакхайкхина нах а бу. Казахаш бу уьш. Баьпкан юьхк елларш а хир бу царна юкъахь. Дуккха а нах хир бу цигахь дакъалоцуш».
Чиллан беттан 23-чохь, нохчийн къам дохийначу дийнахь, дича дика хир дара аьлла, хIара кхайкхам а бу конференци вовшахтухучу комитето беш.
Шуаепов: «23-чу дийнахь, сацам а бина, дIакхайкхийна оха Интернетехула а.
Iуьйрана кхузахь а , Оьрсийчохь а, миччахь а болучара, шайн цIенош долучара, кевнаш диллина дуьтуш, де билгалдаьккхича дика хир дара. Геноцид йина де билгалдоккхуш хIума хир ду иза. Петарш чохь Iачу наха шайна тIе Iаьржа духар доьхча дика хир дара. Малхбузу ламаз дина даьлча, массо а дуьненахь цхьатерра доIа дийр ду. Иза баккхийчу нахе а хаьттина, хIоттош ду. Оцу дийнахь берашна а бохамах лаьцна дийцича а дик хир ду».
Iедалша Чиллан-беттан 23-гIа де муха билгалдоккхур ду хууш дац. Амма юкъархой цецбевлла Iа, протест кхайкхо ца бахьахь а, хIокху шина-кхаа дийнахь Соьлж-ГIалин юккъера Сталинан Iедало хIаллакбинчарна хIоттийна хIоллам дIабаккха болорах. Иза хIунда деш до шаьш ца кхета, элира Шуаепов ИбраьхIима.
Шуаепов: «Ши-кхо де хьалха, иштта оха цхьацца гулам вовшахтухур бу аьлча, Соьлжа-гIалахь дохор дагалоцуш хIоттийна хIоллам дIабаьккхина аьлла дийца долийна. Цуигахь тур карахь а долуш куьг дара. Иза дIадаьхьана. Хьан даьхьана ца хаиа иза. Цигара чурташ схьа а дохуш, кхечу метте дIадугIуш ду, беллачу милцойн хIолламна хьалха. Оцу хIуманах цхьана а тайпана беш хаам бац. Iедалера тхуна хууш хIума дац, уьш а кечлуш хир бу-кх оцу денна».
Конференци вовшатохаран комитетан кхеташонехь, наггахь оьгIазло гучу а йолуш, къамел дора декъашхоша. Вевзачу актерна Дудаев Мусана Iаьткъинарг ду депортацин бала лайначу нахана Iедало цхьанна а тайпа терго еш ца хилар.
Дудаев: «Иза дагадеъча дог Iийжаш хуьлу со. Соьга хIун хилла олуш стаг вац. Муса, хьуна гина дара-кх хIара, цунах лаьцна кинжка а язйинера ахь, и баланаш хууш бу-кх хьуна, дукха ваха хьо, муха вехаш ву хьо, бохуш Iедалан стаг цхьаъ вац-кх».
Форум шаьш тоьллачу кепехь хIоттор ю бохучух шеко йоцурш биц ца ло, шаьш мичахь беха. Ара а девлла, шаьш гIали юккъехь митингаш 23-чу дийнахь йийр ю я яц, стенгахь йийр ю цкъачуьнна ца хаа царна.
Кавказан Къаьмнийн Ассамблеян президента Кутаев Русланна хетарехь, дIадохор дицдалийта гIерташ цхьа ницкъаш бу. Царна дуьхьала болх шаьш жигара боккхур бу, боху цо.
Кутаев: «Оцу комитетан юкъабаьхкинчара масалш даладо вайн къам дохоран де тIекхаьчна хиларх дицлуш хилар гойтуш. Иза дицдалийта гIерташ нах бу олуш а хезна тхуна. Оцу нахана оха гойтур ю тхайн бакъо. Тхоьга харцо ма йийца боху оха цаьрга. Харцо харцо юйла а хууш, бакъо бакъо юйла а хууш, вай йист яьккхича, кху пачхаьлкхехь даха атта хир ду вайна. И болх бу оха беш. Конференци цхьа жима дакъий бен дац оцу белхан а, тхан Iалашонан а».