Pussy Riot тобанерчу мехкарех летта гIалгIазакхий Сочехь

СичехьКхаарин дийнахь Pussy Riot тобанерчу мехкаршна тIелатар дина гIалгIазакхаша. Цхьаммо шад тухуш, вукхо буй-тIара, мира тухуш йиттина цу зударшна.

И бахьана долуш таллам болийна меттигерчу полицино. Цуьнах лаьцна хаам бо Интерфакс агенталло. Йиш локхуш гайтам вовшахтоха гIерташ болчу мехкаршна гIалгIазакхий тIелеташ цаьрга хьожуш лаьтташ хилла дуккха а нах. Хиллачух лаьцна видео гучуяьлла интернетерчу YouTube-хь.