Китайн Iедалша дарба лаха махкара ара ца ялийтина набахтехь хан токхуш волчу Нобелан совгIат деллачу бакъонашларъярхочуьнан Лю Сяобон хIусамнана. Хаамийн гIирсаша дийцарехь, 53 шо долу поэт а, суртдиллархо а йолу Лю Ся кхо шо а ду шен хIусамехь лаьцна латтош йолу.
Карарчу хенахь иза Пекинерчу цхьана дарбанан хIусамехь ю. Цунна тIебуьтуш бац гергарнаш. Цу зудчуьнан адвокато дийцарехь, Лю Ся деган цамгар йолуш ю.
Иза дIалецира Китайн Iедалша 2010-чу шарахь, цуьнан хIусамдена Нобелан совгIат луш дуй хиинчул тIаьхьа.
58 шо долу Лю Сяобо чувоьллира 2009-чу шарахь, 11 шо хан а тоьхна. Цунна бехке диллина Iедалшна дуьхьал хилар.