Масех де хьалха дIалаьцначу Кутаев Руслан тIекхаьчна цьунана белхан накъосташ а , адвокат а. Полисхоша а, цуо ша а даре дина боху цара, тIехь ницкъ беш бац аьлла. Амма, кутаев воьвзучу дуккхачу а нехан шеконаш ю, иза наркотикашца уьйранаш йолуш ву бахарх.
«Кавказерачу къаьмнийн ассамблеийн» президент волчу Кутаев Русланан тIекхача аьтто баьлла, аьлча а, иза белла, мехка полицийн куьйгалло. Нохчийн бакъонашларъярхой Саратова Хеда а, Эжиев Минкаил а, иштта «Къизалшна доьхьала комитет» цIе йолчу цхьанатохараллийн куьйгалхо Каляпин Игорь а, шеца адвокаташ а болуш, Кутаев Русланаца цхьанкхета бахнера.
Хьалха-Мартан кIоштан полицийн куьйгалхочуьнна кабинет чувалийна хилла дIалаьцна волу юккъаралхо. Шайна гинарг а, хилла долу къамел а, Маршо радиога дийцира Саратова Хедас.
Саратова Хеда: «Лаьцна волу стаг-лаьцна ву. ГIийла вара иза. Оха хаьттича, ницкъ беш хIума дац шена тIехь элира цуо. Алаудинов Аптис, ша цхьанна а тайпа цуьнца харцо юьйцура йолуш а вац бохура. Ша хьалха а волуш иза вистхила ийзалуш валахь а, ша араваьлла а дистхила мегар ду элира. Иштта къамел хилира тхан Русланца. Каляпинца схьабаьхкина адвокаташ а бара, уьш цуьнан дегIа тIехь тоьхна а хIума дуй хьоьвсира. Минкаил а вара цаьрца. Иза хьийзина аьлла, тхуна гучдаьлла хIума дац, хIокху сахьта».
Ала догIу, 57 шо долу Кутаев Руслан, Нохчийчохь а, дозаналла арахь а воьвзуш политик ву. Я узуш, я маларх кхеташ а цхьаннахь а тусавелла вац иза хIинцалца. Иза, боху, масла, ша «Новая газетехь» арахецначу артиклехь, журналиста Измайлов Вячеслава. «Шена Руслан воьвзу 20 шо сов хан ю, со волчохь цIахь а хилла иза хийлуза, амма, иза узуш а, ур-аттала молуш а ца гина суна», -аьлла яздина цуо.
Кутаев Руслан наркотикашца бала болуш хилла боху хIума, иштта тамашийна хеташ ву, масала Каляпин Игорь а. Ткъа, цуьнца шеца хиллачу цхьанакхетарехь, цуо хьахийри и гIуллакх, аьлла деллачу хаттарна, иштта жоп делира Саратова Хедас.
Саратова Хеда: «Цу хьокъехь, ша адвокаташций бен хIума дуьйцура дац элира. Дехьа чу а вахана, цаьрца къамел дира цуо. Тхоьга а дийцахьара ахь баха а, бIегIийла ца хийтира тхуна. Адвокат Нижний Новгородера веана цхьаъ ву, юха-кхузара вовшахтоьхна мобилан тобанера а ву кхин цхьаъ. Каляпин ша а вара цигахь.
Цхьа а тайпа цьунца юьйцура йолуш харцо яц бохура полисхоша. Шаьш боккъулийна и наркотик а йолуш лаьцна ву боху иза. Уллера накъост лаьцна а волуш, иза дийца а, хал ма дай, цхьа хала хIума дара иза. Делахь а, схьадийцарехь, оцу стагана цхьанна а тайпана тIехь новкъарло а, харцо а йийра яц боху цара. Шена иза кIела кхоьссина ю бахахь, цуьнан адвокаташкахула бакъо ю, иза емал дан а».
Кутаев Русланан белхан накъост волу Шуаепов ИбраьхIима а, тоьшалла до Кутаев Руслан наркотикех цIена хиларна. Цуо беш болу болх новкъ болуш, дина хIума ду иза аьлла хета шена, аьлла тидам бира цуо.
Шуаепов ИбраьхIим: «Кхин бахьан данне а дац цигахь. Иза муха дина а , хьовсура ду вай. И бехк цунна тIетаттарх, хIинцалца а цкъа а хезна дац, Кутаев Руслан, оцу балхаца иза хьаквелла ву аьлла. Иза а, суна хетарехь, цунна кIела кхоьссина ю, цуьнга политикан шен некъ ца лелабайта, аьлла дина хира ду иза».
Къилбаседа Кавказехь, къаьстина Нохчийчохь а, ГIалгIайн махкахь а, Iедалах бозуш боцуш, юккъаралхойн болх дIабахь, хала хIума ду. Къар а ца луш и болх бина, цхьаберш белла дIабоьвла, кхиберш, Кутаев Руслан санна, набахтехь чу вуллу, цIеххьана цуьнгара дийлина долу цхьацца зуламаш гучу а довлий.
ГIалгIайн махкахь, масла, Абадиев Муса цIе йолу блогер ву кхело жоьпе уозо гIерташ хьийзош. Цунна бехке дуьллуш ду, цуо, къаьмнашна юккъахь питан а тосуш, вовшах ца безам баржош, хIума шен блог чохь язйина аьлла.