Украинера хьал доладелчхьана дуьйна, оьрсийн президента Путин Владимира деш долчу дIахьедарша цхьа а паргIат ца ваьккхина, цхьа а те ца вина. Мелхуо а, мел верг вулавелла Iаш ву.
ГIирма Оьрсийчоьнах тохарх лаьцна дуьйцуш цхьа а вац, ГIирман бахархоша шаьш референдумехь къастор ду, шайна муьлхачу пачхьалкхаца диса лаьа, бохуш Путина динчу къамело а синтем ца беана цхьаннена а
Оьрсийчоьно эскархой шайниш бац бохуш чIагIдахь а, массарна а хууш ду, тIеман барзакъана тIетегна къасторан билгалонаш яцахь а, и салтйи муьлхачу эскарера бу. ТIедогIучу кIирнахь дIаяхьа кечъйинчу референдумехь цу эскархошка дакъа а лацийтина, оьшу терахь Кремле дуьнене дIаохьалур дац аьлла а дац.
Украинера хьал тергалдечу экспертийн хьесапехь, тIаьхьарчу шерашкахь маьхкадаьттан а, газан а мехаш лакхахь латтаро, оцу маьIданийн шорто йолчу пачхьалкхан куьйгаллехь волчу стагана ша дуьненан да хетийтина. Я, мел лаххара а, ша куьйгалла дечу пачхьалкхана гонаха йолу пачхьалкхаш а шен долахь хетийтина.
Схьагарехь, уьш шен куьйга кIелара йовла тарло бохург цо аьттехьа а тIедуьтуш доцчух тера ду. Цул сов, ша хIуъа дича а, иза шена мегар ду бохучух тешна ву Путин. Цунна хIинццалц а мегна дуккха а хIума.
Нохчийчохь цо атийтина эвланаш, гIаланаш; иттаннашкахь эзарнашкахь хIаллакьбайтина маьрша нах; тIепаза байъина эзарнаш нах; итт шо уггар лахара долуш, боьдуш тIом болуш, эзарнаш кегий нах Оьрсийн уггар генарчу набахтешка хьовсор; нохчаша шайн лаамехь цкъа а хоржур воцу стаг церан коьрте хIоттор шена магийтича; цу тIехIоттийначу стага, шайн исторехь нохчашна цкъа а ца гина къизалла, ницкъ бар магийтича, иза хIинца сацон атта хир вац.
Gazeta Wyborcza олучу Полшин газетина интервью луш цу Полшин арахьарчу гIуллакхийн министр хиллачу Цимошевич Влодзимежа аьлла «ондачу пачхьалкхан кура, низамана тIехула лаьтта, нахах воьлуш волу стаг санна лела Путин. Ма-дарра аьлча, иза жоьлгийн политика ю, уггар хьалха шена Оьрсийчоьнна кхераме а ю. Кхераме иза кхечарна а ю. Оцу кепарчу Путимнах ша кхоьру, аьлла Цимошевича.
Ткъа гуттар а мачо санна цунна ловза лаар, иза цуьнан кхачамбацаршца доьзна ду. Адамах санна цунах ша ца кхоьру, амма полтик санна иза кхераме ву. Ткъа и кхерам, дипломатана Цимошевичана хетарехь, хьекъалза а, пайде а боцу сацамаш а, гIуллакхаш а деш хиларца боьзна бу. Цкъа мацаха, Елцина иза цхьана стенгара воккху ца хууш, хаьалваьккхинчу хенахь. Кхечу тайпана политик вара. ХIетахь а, иза къиза вуйла гуш дара, бохуш дийцина Цимошевича.
Яздархо волчу шендерович Виктора бахарехь, Сочехь Олимпан ловзарш дIахьучу хенахь Киевера майданахь украинхоша дуьхьалонан акцеш йина, тидам шайна тIеозорна бекхам беш а ву путин. Вукху агIора, Оьрсийчохь майдан ца эккхийта Iалашо а ю. Мухха яьккхина, мел яьккхина, Украинах цхьа кийсак ца йоккхуш Iийр вац. Делахь а, тIаьхьуо, жимма юхавер ву. Малхбузено цуьнга и ловзарш дойтун дера, иза ловзу бохуш дуьйцу, Украинина а, Оьрсийчоьнна а юкъахь кхолладеллачу лаьцна Шендерович Виктора.
ЦIеяххана оьрсийн Iилманча, 82 шо долчу Иванов Вячеслава аьллера цхьа шо сов хьалха, «Путинна чIогIа ахча деза. Иза талорхо ву. Сталин а вара талорхо. Оцу маьIнехь иза Сталинца вуста мегар дара. Хiунда аьлча, Сталин а вара хьекъал доцуш а, хIумма дан ца хууш а стаг.» Iилманчин дешнаш, ур-атталла, Википеди тIехь а цхьана билгалдаьхна ду.
Ала деза, Путинан политикина а, цо гатточу дешан маьршонна а, Оьрсийчура харцкхелашна а реза боцуш, кхин дуккха а ду бу цIеяххана Iилманчаш. Цхьа моггIа Iилманчаш, Оьрсийчура гуттаренна дIабаха кийча а бу, цу пачхьалкхан кхане ца го шайна, бохуш.
Оьрсийчоьно гуш лаьтташехь йохош йолу дуьненаюкъара бакъонаш бахьанехь, цу пачхьалкхана а, цуьнан куьйгалхошнаа дуьхьала санкцеш яха кекъелла Iамерка а, Европан Барт а. Цунах лаьцна вай тIаьхьуо дуьйцур ду.
Украинехь цкъачунна куьйгалле деанчу Iедална реза бац мел болу украинхой. Амма карарчу муьрехь царна гуш дерг иза дац. Коьрта проблема, арахьара тIамца кхин пачхьалкх чуярца боьзна кхерам бу.
Беккъа украинхой хилла ца Iа, цу кхерамна саготта. Дуккха а, хьалха советан пачхьалкхана юкъайогIуш хиллачу республикашкара, хIинца шаьш евллачу пачхьаьлкхашкара векалш а бу.
Украинехь керла чIагIдала гIертачу Iедална гIортор еш беха цигара нохчий а. Москохана муьтIахь хиллачу Янукович Викторан Iедало, шен хенахь дукха иэшам бинера Украинехь тхов-кIело лаха хьаьвсинчу нохчийн мухIажаршна а, хьовзам баьккхинера, шайн латта тIехула дIасабоьлхуш хиллачу нохчашна а.
Украинхойн а, нохчийн а дахарехь маситтаза нисделла вовше накъосталлин куьг кховдор. Даханчу бIешерахь, ткъе итталгIачу шерашкахь Советан Iедало Украинехь мацалла хIоттийча, мел кIезга а, бIеннаш украинхой Нохчийчу баханера. Мацалла ца далийта украинхоша нохчийн доьзалшка дIаделла бераш, нохчий санна хьалакхиина. Нохчийчохь хIетахьлерчу президенто Елцин Бориса хьалхара тIом болийча, Украинера кегий нах баьхкинера, маьршонехьа нохчашца цхьаьна оьрсийн эскаршна дуьхьала лата.
ХIинца, Оьрсийчоьно туьйсу кхерамаш бакъ а хилла, иза тIамца чуягIахь, украинхошца цхьаьна герзаца оьрсийн эскаршна дуьхьало ян кийча а бу, дуккха а нохчий.
Янукович урхаллехь волуш, Одесса-гIалахь лаьцна ву Осмаев Адам, оьрсийн президентана Путин Владимирна тIелатар а дина, иза вен Iалашо йолуш вара, аьлла. Бакъонашларъяхой а, коьртачу декъана Адаман хIусамнана Окуева Амина цунна орцах ялар бахьана долуш, иза хIинца а Оьрсийчоьне дIавалаза ву.
Киевехь Януковичан Iедална дуьхьала лаьттачу нахана тIе герз детта долийчхьана дуьйна, лор йолу Амина, йиллина, майданехь ю.
Даханчу Еарин дийнахь Зазадоккху беттан 6-чу дийнахь телефонехула хиллачу къамелехь, Маршо радионо Амине хаьттира, Украинера хийцаделла а долуш, Оьрсийчоьнца гIоьртина юкъаметтигаш йолуш, Адаман хьал муха го хьуна, аьлла. И телефонан къамел шун тидаме дуьллу оха.
Мансур Украинехь дешна а, хIинца цигахь вехаш а ву шен доьзалца. Цигара хьоле, шен шолгIа Даймохк иза хиларе терра, сингаттамца хьоьжу иза. Шена бевзаш болу цхьамоггIа, Украинехь беха нохчий, хIинцале, Оьрсийчоьнан эскаршна дуьхьало ян вовшахтухучу Украинан эскаре шайн лаамехь дIаязбелла бохуш дийцира Мансура.
Коьртачу декъана, гIазакхийн мотт буьйцу а, Оьрсийчоьнца мелла а алсамуо гергарло долу а меттиг лоручу Харков-кIоштахь вехаш ву Iусман. Алала дашна, цигахь оьрсийн телевизион а ю. Шен бIаьргашна гуш дерг а, цу телевизионехула дуьйцург а мел къаьсташ ду дийцира Iусмана. цIера дIавахана дукха хан йолун дера, шен нохчийн мотт шерра бийцаа хуур дац аьлла, Iусман шен къамел гIазакхийн маттахь дира.
ГIазакхийн мотт буьйцурш ца беза Украинехь, церан хьал ледара ду а боху Кремлера оьрсийн Iедалша. ГIазакхийн мотт буьйцурш кIелхьарбаха Оьрсийчоьнан Федерацино президентана бакъо а елла. Ткъа бакъдолу хьал муха ду, дийцахь, аьлла динчу дехарна жоп луш, Iусмана ишта къамел дира.
Iусман: «Къаьмнийн юкъаметтигашца йоьзна проблемаш тхан кхузахь цкъа а ца хилла. Януковичах лаьцна аьлча, охьа хьовха, меттигерчу бахархоша а тIеоьцуш вацара иза. Цхьа хийра стаг вара иза кхузахь. Цуьнан режимана сагатдо бохуш дуьйцу, иза бакъ дац. Мел верг дуьхьал ву иза президентан даржехь юхаметтахIоттон. Иза-м хир а дац. ГIазакхийн мотт буьйцу нах кхузахь охьатеIа бо бохуш дийца, кхузахь цхьа а бух бац.»
Оццу хенахь, Украинехь бехачу нохчашна орцах ваьлла, дIахьедар дира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а. Амма меттигерчу бахархоша нохчийн диаспорина тIеIаткъам цкъа а ца бина, бохуш дуьйцу Iусмана кхин дIа а.
Iусман: «Рамзанехь, схьагарехь, нийса йоцу информаци хир ю. Оьрсийн хаамийн гIирсашкахь дуьйцур схьа а лаьцна, тхуна кхузахь гIо дан деза аьлла хир ду цо. Кхузахь цхьа а нохчо ва-м вац ницкъ беш я, бина а. ХIинцале цунах кхетта хила а тарло иза. Цхьа а хьашто яц тхуна орцах вала.
Президенто ша шен эскарш нехан пачхьалкхе хьовсор ду алар нийса а дера дац. Халкъалахь цунах нийса кхетар бац. Тхо кIелхьардахар санна гур дац иза украинхошна, шайга кхайкхийна мостагIалла ю моьттур ду иза царна. Юха а цу кепара информаци хаамийн гIирсашка ца ялийта хьажа везара - я зорбанехь я, телевизионехула а.»
Iусмана тидам бира, ницкъ беш а, хьийзош а бала хьоьгуш, Оьрсийчохь беха нохчий хиларна.
Iусман: «Оьрсийчохь, ша даьккхина аьлча, Москох ницкъ бо нохчашна. Цигахь шортта суна бевзаш нах бу. Цигахь боккъалла а ницкъ бо вайчарна, охьатеIабо. Амма Украинехь и саннарг дац. Цунна далон цхьа а масала а дац. Ткъа Оьрсийчохь, кхечу къаьмнийн векалшна ницкъ беш шортта меттигаш ю. Цигахь царна дан дезара гIо. Со кхузахь волу I6 шо ду. Оцу I6 шарахь суна цкъа агина дац нохчочунна я гIалгIачунна ницкъ бина. Бакъдерг аьлча, кхин лерина а ца лелийна - мухIажаршна гIо деш я кхин гIо дина а. Амма ницкъ а ца бина. Иштаниг хилла дац.»
Украинера политикан дахарера хийцамашка ладоьгIуш беха цигара нохчий. Кхаьжнаш тосучу муьрехь, харжамийн каппашка а боьлху. Амма ша Iусман, карахь оьрсийн паспорт долуш ву. ХIинцалера Украинера Iедалх а, керлачу лидерех а лаьцна хIун эр дара аьхьа, деллачу хаттарна жоп луш Iусмана дийцира.
Iусман: «Тхуна хIун хета аьлча, Iедалан командера мелла а товш Яценюк Арсений ву. Политика-хIума евзаш стаг ву иза. Иза президент хиларх дог дохуш а ду тхо. Ткъа бисина кандидаташ Януковичах башха къаьсташ ца хета суна. Меттигерчара а олу иза. Вай диаспорина-м, Янукович висарх я, керла хIоттарх а, я пайда я, зе дац. Кхузахь даха бакъо йолу, Оьрсийчоьнан махкахой ду тхо, аьлча а, оьрсийн паспорташ ду тхан карахь.
Делахь а, тхо кхузахь Iаш хилча, тхуна пачхьалкхан урхаллехь хьекъале политик хила луур дара. Янукович политик вацара. Хьекъале стаг а вац, иза цхьаннена а къайле яц. Мухха делахь а, тхо кхузахь Iаш ду. Дукхах болчу нохчийн Украинан махкалла а ду. Сан дац, со Оьрсийчоьнан махкахо ву.»
Оьрсийчоь тIамца ГIирме я Украинан малхбалерчу латтанашна чугIортахь, украинхой цхьаъ санна гIовттур болуш бу бохуш дуьйцу, Iусмана.
Iусман: «Украинхой шайн мехкан дуьхьала лата кийча бу. Оьрсийн телевизионехула-м, кхузахь тIекхойкхуш бара эскаре, амма, тIекхайкхина хиллачу нахах тIевеънарг I,5 процент бен бацара, бохуш дийцира. Амма и бакъ дац. Къона нах тIебехана ца Iаш, гIеметта хIиттина, сан хеннарниш а бу дIаязлуш. Зударий боьлху. Уьш шайн мохк дIалур болуш бац! Шайн мохк хьовха, ГIирма а, шайн латтан цхьа сантиметр дIахоьцур йолуш бац уьш. Иза бакъдерг ду.
Иштта, оьрсийн телевизионехула дийцира, мел верг Оьрсийчоьнан махкалла тIеоьцуш ву - иза бакъ дац. Шина-кхаа стага тIеэцна хир ю. Суна гучу суьртехь, шайн мехкан дуьхьала летта, бала дагахь бу украинхой. Майданехь дерг а гина вайна. ХIинца-м, хIетте а, адам цхьанакхетта. Майданехьа ву я, цунна дуьхьал ву бохург, дIадаьлла хIинца. (ГIирме) гIазакхийн эскарш далийна аьлла хаам баьржича, жима-воккха, ша верг а цхьабарт хилла, дIахIоьттина.
ТIама тIе ваха мел верг кийча ву. Кхузара украинхой хьовха, Харкован кIоштахь Iаш болу гIазакхий а-м бу. Суна сайна гина Харковерниш. Донецкераниш - уьш массо тIама тIе баха кийча бу. Царах цхьаммо а ца аьлла, эскарш ГIирме далор нийса ду. Цхьа вохкавеллачуо аьлла хир ду. Иштаниш ба ма бу. ЧIогIа кIезиг нах хир бу, Кремлан цу тайпа леларна реза болуш. Дукха-м хир бац.»
Оцу юкъанна, дуьненаюкъаралло Оьрсийчоьнан куьйгалхой кхетийна, дерриг дуьнено лара езаш мел йолу бакъо йохош, Украинера а, ГIирмера а хьал дохорна дуьхьал санкцеш йохург хиларх. Iамеркан пачхьалкхан департаменто визанаш ялар доьхкур ду, «Украинан цхьааллина дуьх=ьал болчу оьрсийн а, Украинера а Iедалан гIуллакххошна.» Нагахь санна ГIирмера ситуаци гена ялахь, кхин дIа а цуу нахана бан тIеIаткъам карор ду аьлла дIахьедар дина КIайчу ЦIийно. ЦIейозанна юкъа баханчу нехан цIераш йохуш яц.
New York Times бечу хаамца, Обама Барака къобалдинчу омарца а догIуш, оьрсийн стоьлан дайн Iамеркера банкашкахь долу ахчанаш гIорон а, церан долара хIусамаш, компанеш, царца йоьзна компанеш а низаме озон бакъо ло. Санкцеш, иштта, хьакхалуш ю, Украинан Iедалан пурбьа а доцуш, цу пачхьалкхан цхьацца дакъошкахь шайн Iедал чIагIдечу нахах а. Цкъачунна, иза ГIирмера политиках хьакхалуш ду.
Даханчу еарин дийнахь ГIирман лакхарчу Кхеташоно сацам тIеийцира, ах-гIайре Оьрсийчоьнан Федерацин субъект хуьлуьйтуш. Кiоштан парламенто шен сайта тIе хаам баьккхина, Зазадоккху беттан 16-чу дийнахь и хаттар къастон Iалашонца референдум дIаяхьа. Юьхьанцара, иза 30-чу дийнахь дIахьур ю аьлла яра.
Кхоже дуьллуш ши хаттар ду: «Шу ГIирма Оьрсийчоьнан Федерацех кхетарехьа ду?», шолгIаниг, «1992-чу шарера Конституци юхаметта а хIоттош, ГIирмина Украинан декъан статус хилийтарехьа ду?»

Your browser doesn’t support HTML5