ГIирмера гIезалойн акци

Украинин территори йохорна а, ГIирма Оьрсийчоьнах дIатохарна а дуьхьал акци дIаяьхьна ГIирмехь цигарчу гIезалойн меджлисо. Иттаннаш эзарнаш нах оцу ахгIайрен некъийн йистошкахула дIахIиттинера.
Цара шаьш реза ца хилар гайтира Оьрсийчоьнан планашна. Цу акцехь гIезалой боцурш дакъалоцуш бара украинахойн организацин жигархой а, могIарера ГIирмера бахархой а.

Хьалхо меджлисан куьйгалхой юхабевлира дуккха а бахархоша дакъа а лоцуш Симферополехь митинг дIаяхьарх. Уьш кхоьруш дерг дара цигахь провокациш а йина, цIий Iана мегаш хилар. Официалан болчу хаамашца, эзар сов стаг хIинцале а дIавахана ГIирмера, Iедалша шаьш хьийзона кхоьруш. Маршо Радион корреспонденто дийцарехь, цу тайпа нах кхин а алсам хила мегаш бу. ГIирмерчу гIезалоша Украинин малхбузучу регионе дIабуьгуш бу зударий а, бераш а.