Кху дуьнентIехь уггаре а таро йолчу G-7 олучу вархI пачхьалкхо дIахьедар дина ГIирмана аннекси яро вуно вочу агIор Iаткъам бийр бу массо а пачхьалкхашкахь низамаш ларарна а, церан суверинитет ларарна а. Хьалхо Кхаарин дийнахь Еврокомиссин куьйгалхочо Баррозу Жозе Мануэла дIахьедар динера, цу вархI пачхьалкхо документ тIеоьцур ду, шаьш а, Евроберто а билггала дан леринарг дуьйцуш аьлла.
Джи вархI олучу тобан юкъайогIуш ю Канада а, Франци а, Германи а, Итали а, Япони а, Британи а, Iамерка а. 1998-чу шарахь цу тобанна юкъаэцнера Оьрсийчоь. ТIаьхьарчу масийтта баттахь Украинехь оьрсаша лелориг бахьана долуш Малхбузерчу пачхьалкхийн Оьрсийчоьнца йолу юкъаметтигаш галйевлла. Цара сацийна Сочехь хила езачу G-8 олучу саммитана кечам бар.