Реферундум дIаяхьале вуно дера кхерамаш тийсина йолу Малхбузера пачхьалкхаша цкъачунна кIезигчу оьрсийн стоьлан дайшна дуьхьал санкцеш яьхна. Цу юкъана Украинин куьйгалло мобилизаци кхайкхийна. Нохчий куьйгаллехь а болуш, Европехь кхоьллина йолу „Машар баран батальон“ а ю Украинерчу хьолана юкъагIорта кечлуш.
ГIирма Оьрсийчоьнах дIакхетарх йолу референдум дIаяхьа цу ах-гIайренан куьйгалло сацам бича дуьйна схьа кхерамаш тийсира Малхбузерачу пачхьалкхенаша, шайна юккъехь Евроберта мехкаш а долуш, Цхьанатоьхна Штататаш а йолуш, шаьш Оьрсийчоьнна дуьхьал санкцеш йийр ю, нагахь санна и гIуллакх иштта гена далахь, бохуш.
КIирандийнахь дIаяхьа лерина лаьтташ референдум а йолуш, ур-аталла цхьа буьйса хьалха, шоьтан сарахь а сатийсам кхобура, масала, немцойн арахьарчу гIуллакхийн министро Штайнмайер Франк Вальтера, туьйранахь санна, цхьа тамаша а кхоллабелла, Оьрсийчоь а, ГIирман куьйгалла а шаьш леринчунна тIера яла мега бохучух.
Амма и тамаша, хIинца гуш ма-хиллара, ца нисбелира. Дуккхаъчу аналисташна хьалхехь дуьйна кхеташ ма-хиллара, ГIирман доккхахдолчу дакъано Оьрсийчоьнах дIакхета лаам бовзийтира, Путин президентан дарже хоржучу хенахь Къилбаседа Кавказерчу республикашца хуьлуш ма-хиллара, 96 сов процент кхаьжнаш цу сацамехь а тоссуш.
Хилларг хилла даьллачул тIаьхьа, мелла а кхечу агIор дека хIинцалца схьа референдум дIа ма яьхьний шаьш Оьрсийчоьнна дуьхьал гIулчаш йохур ю ьахначу Малхбузера аьзнаш. Нагахь санна Украинас а, Оьрсийчоьно а сихонца вовшаца дагадовларш дIадоладахь, тIаккха Евроберто ша хьехна йолу санкцеш ца ян а тарло элира оршот дийнахь Нидерландийн арахьарчу гIуллакхийн министро Тиммерманс Франса.
„Вуно мехала ду Оьрсийчоь а, Украина а вовшашца доагадовларийн шуьне ховшар, цара иза дахь Евроберто санкцеш юккъе ца йохуш йитар толлур ду, “ - элира цуо ша Брюсселехь журналистшка динчу дIахьедарехь. И дIахьедар цуо дечу муьрехь Белгин коьртачу гIалахь дIайоьдуш яра Евробертан 28 пачхьалкхенан арахьарчу гIуллакхийн министрийн саммит.
Евробертан арахьарчу гIуллакхех йолчу векало Кэтрин Эштона элира шен рогIехь, кесталгIа нулйала езачу Европин Кхеташоно Оьрсийчоьнна вуно нуьцкъала сигнал яла еза гIирма бахьана долуш яьлла а, Евроберто ГIирмера референдум низамца йоцуш лору аьлла а. Амма цу ша башхачу пIелг ласторна тIехь цкъачунна Евроберто Оьрсийчоьнна тухуш долу гIуда сецна ду.
Цу юкъана шен лаьттан доккхачу цхьаьна декъана, немцойн кацлеран Меркел Ангелин дашца аьлча, Оьрсийчоьнор аннекси яр бахьана долуш мобилизаци дIакхайкхина Украинин Iедало. Мел кIезга а, 20 эзар стаг герза кIел хIоттон ю цуьнан, Майданан комендант хиллачу Парубий Андрейс дийцарехь, „Оьрсийчоьнан агрессина дуьхьало ярхьама“.
Украинехь мобилизаци кхайкхийна бохучу костано карладоккху, Европехь цхьаьна „Маьрша Кавказ“ цIе йолчу юкъараллин боламо Украине баха луучех „Машар баран батальон“ кхоьллина хилар.
Нохчийчоьнан дуьхьарлерачу президентан Дудаев Джохаран цIе тиллинчу цу батальонан куьйгалхо ву Данехь вехаш волу Ичкерин эскарийн бригадин инарла хилла волу Мунаев Iиса. Маршо радионца шен хиллачу къамелехь цуо дацаре дира и батальон нохчийн батальон хилар, хIунда аьлча цу юккъехь, цуо дийцарехь, кхечу къаьмнийн векалш а бу.
Мунаев Iиса: „Машар баран батальон“ аьлла цIе ю цуьнан. Цуо гойту, тхо тIом бан арадевлла ца хилар. Цу батальонан юккъехь украинхой а бу, гуьржий а, азербаджанхой а, суьйлий а, гIалгIай а, нохчий а бу“.
Амма батальон декъашхой нохчий хилла ца Iаш, кхечу къамьнийн векалш белахь а, цу тобана тиллина йолу цIе Нохчийчоьнан дуьхьарлерачу президентан Дудаев Джохаран хиларна а, куьйгаллехь нохчо хиларна а, иза доллучу дуьненна а нохчийн батальон санна гур ю аьлла хеташ ву политологин Iилманча Асхабов Хьамзат. Цунна хетарехь, нохчийн цхьанна а кепара хьашт дац Украинерчу къовсамехь агIо лаца.
Асхабов Хьамзат: „Соьга хаьттича а, цхьа а стратегикаллин а, тактикан а нохчийн хьашт цигахь дац. Я вайн иза хилча а, вайгахь иза дIакхехьа ницкъ бац, яккхийчу дуьненан пачхьалкхаша вайга иза дIа а кхоьхуьйтур дац. Вайга хьовха, цу Украинига шега ца кхоьхьуйту цара иза дIа.
Цу юккъе чу вай хIинца долхахь, вай бегдовлар бен кхин пайда вайна хир бац. Иза машар баран батальон елахь а, кхечу къаьмнех лаьтташ елахь а, амма Дудаев Джохаран цIе цунна тиллина хилча, хьалха бевлла нохчий а хилча, цу юккъера нохчий бен дуьненна гур бац. Нагахь санна Дудаев Джохар ша дийна велахь, цуо иза могуьйтур а дацара - шен цIарах иштта хIума дар.
Иза хазанехасанна политикехь похIма долуш а, и санна долчу хIумнашна тIехь боккха кхетам Дала белла а стаг вара. Цуо Абхазе нохчий бахар а ца магийра, ша президент волчу хенахь. ХIара а магадийрадацара“.
Ткъа цу юкъана Украинин куьйгалхой шайн пачхьалкхан тIеман таронаш вовшахтухуш бу. Шайн Даймохк ларон лууш берш Къоман гварде дIабазбала беза элира оршот дийнахь Украинин премьер-министро Яценюк Арсенийс.