Брюсселехь Европан бертаца Ассоциаци ечу бертан политикан декъанна буха куьг яздина Украинан премьер-министро Яценюк Арсенийс. Европан Бертан пачхьалкхийн а, Iедалийн а куьйгалхошна хетарехь, «цуьнан доккха билгалонан маьIна ду».
ПIераскан дийнахь Iуьйранна чекхяьлла саммит схьайоьллуш вистхиллачу, Европан Комиссин куьйгалхочо Баррозу Жозе Мануэла дIахьедар дина, Украинан Европан Бертаца долчу онда доттагIаллин а, гергарлонан а гIулч ю хир ю цунах.
Цул а хьалха, европерчу пачхьалкхийн куьйгалхоша къобалдира, оьрсийн а, украинан а Iедалера а, хьоладайшна а юкъара 12 стагана дуьхьала санкцеш яхар. Цунах лаьцна оха алсамуо дуьйцур ду, тхан программехь тIаьхьуо.