ЦIоз санна, дехьа-сехьа лоьхку китайхой


Дагестанерчу Сивух-юьртахь шаьш хастоьмаш кхиош хилла хIусамаш меттигерчу бахархоша ягийча, луларчу Нохчийчу дIаяхана Китайра еъна къахьоьгуш хилла фермерийн тоба. И хаам бина царна тIехь куьйгалла деш хиллачу Сивухерчу бизнесхочо Газиев ШаIбана.

Бахархой резабацар дузу Газиевс нах, шаьш къахьоьгучу меттана, кхечара доккху ахча дагардеш Iарца. Китайхой Нохчийчу дIабаханехь а, цигара а дIахьийсийна кху тIаьххьарчу бетта чохь дуккха а китийхой. Хууш дац, хIун ирс карор ду хIинца Дагестанера нохчийн ярташка дIабахначу пана-махкахошна.