КБ "Сухой-на" букъ тоьхна Кадыров Рамзана

Сухой-Супер-Жет 100

Оьрсийн Сухой-суперджет кеман меттана, Францехь ден Эйрбас эца дагахь ю Нохчийчоь. Оцу хьокъехь хаам бина транспортан а, зIенан а министралло. Цигахь билгалдаьккхина, Sukhoi компанина шайца пачхьалкхахь лелачу ахчанца, соьмашца, мах бан ца лиира, шайга еврош а, долларш а доьху аьлла. Ткъа, и Sukhoi SuperJet кеманаш ца эцарх Нохчийчоьнан толахь бен, доха хIума дац аьлла хета оцу кеманашца дIасалелар нисделлачу нохчашна.



Маситта бутт хьалха, шуьйра дIа а кхайкхош, довзийтира Нохчийчоьно Оьрсийчохь деш долу Sukhoi SuperJet кеманаш оьцур ду аьлла. Дийцарехь, бархI кема дара Соьлжа-гIаларчу авиакомпанино доладаккха кечдина. Оьрсийчоьнан хIаваъ кема эцар сийлахь гIуллакх ду бохуш, дIахьедарш дира цхьана эшшара Iедалан дайша а. Амма хIинца къаьстина, оцу кеманийн метта Францехь ден Airbus ши кема эца сацам бинийла.

Sukhoi SuperJet цаэца сацам стенна хилла а дуьйцу – мах нохчаша оьрсийн ахчанца бийцина, ткъа Sukhoi компанино доьхург евро а, долларш а хилла. И бахьана а долуш, доьхна и йохк-эцар.

Нохчийчоьнан транспортан а, зIенан а министралла ю хаам бийриг, кхин цхьа а комментари ца ло цо оцу хьокъехь.

Ала догIу, дуьххьара Sukhoi SuperJet оьцу аьлла хезча, дукхачу наха емалдора иза. Sukhoi SuperJet Оьрсийчохь, Советан зама дIаяьллачул тIаьхьа, дуьххьара кхоьллина делахь а, цуьнца дуккха а кхачамабацарш гучудевлла. Цхьанхьа - чудоьжна, вукхунхьа - хьала ца гIаттаделла, йоьттина тIехь нах а болуш.
Шена Airbus дуккха а дика хета бохуш дуьйцу кесс-кеста белхан гIуллакхаш луьстуш хIаваъехула лелачу совдегархочо Руслана.

Руслан: «Соьга хаьттича Airbus тоьлу. Со Турце а, кхечанхьа а вахана цуьнца. Суна дика хета иза. Ткъа Sukhoi SuperJet дуьйцуш хазаррий бен, суна гина иза дац. Дина далале иза, чудоьжний, доьхний бохуш хаамаш-м хезна. Airbus охьадоьжна бохуш ца хезна суна. Чохь охьахаа а паргIат ду иза. Голаш дIа ца гIерта».

Массийта шо хьалха Москохана уллерчу кIоштахь гучъяьллера хIаваъ кеманийн гIирс бен къайлаха завод. Цигахь, дуьненахь гIараевллачу компанийн цIераш а етташ, беш хиллера ледара, цхьана хIуманна пайде боцу кемананийн гIирс. Аэрофлотерчу кеманашна иза хIоттийна меттигаш а тусаеллера. И гIирс беш буйла къайле яра аьлла ца хета шена боху совдегархочо Руслана.

Руслан: «Иштта гIирс къайлаха беш буйла дукха хенахь дуьйна хууш ма дуй. Китайхоша деш ду иза шайн цIахь. Изза болх цара Оьрсийчохь а, кхечу пачхьалкхашкахь а бо. Коррупци ю. Шайна луъу ахча схьа а оьций цара ши бIаьрг дIакъовлу. Iедал бан ма беззара болх беш ца хилча хуьлуш долу хIума ду иза».

Русланна хетарехь, Нохчийчоьнан Iедалша дика дина хIума ду и Sukhoi SuperJet а ца оьцуш, Airbus оьцуш хиларна. Цуьнан, дукха деха ца дийцича а, бахьанаш гуш ду, аьлла тидам бира цо.

Руслан: «Тахана и гIирс кема охьа ца дужучу кепара дика хилчхьана мегаш ду. Оьцуш верг оцу заводехь хаьжчхьана волуш ма вай. Тахана Sukhoi SuperJet кема Оьрсийчоьно деш ду. Кийтарлонаш а, къолаш а ца лелош, иза далуш ца хилча, цаьрга схьахетарехь, я кема а, я цхьа а хIума а ялур яц. Нах Iехош бу, кеманаш деш бац. Долларх эцахь а, я соьмах эцахь а, суна ца деза-кх иза».

Голашна тIера гIоттучу Оьрсийчохь коррупци дIаяьлла ца хиларал сов, иза яьржаш хилар билгалдоккху совдегархочо Руслана. Iедалан кеп нисйинехь а, и кIоршамалла дIа ца яьккхаелла, боху цо.

Нохчийчоьно оьцуш долу Airbus ши кема тIех сов тоан там бу кхузарчу хьашташна. Билетийн мах дукха лекха хиларна, Нохчийчуьра дукха бахархой Сипсо-гIалара а, Бесланера а дIасалела.