Къоман юьхь-сибатан гайтам

Нохчийчоь --Соьлж-ГIаларчу музейхь, 26 Заз2014

Нохчийн къоман шира йийбар, духарш, чохь-арахь лелийна гIирс бовзуьйтуш гайтам хIоттийна Соьлж-ГIалахь. Иза мехала ду шайн тахане а, кхане а дахкарлахь лаьттачу нохчийн къомана. ТIемаша йоккха киртиг яьккхина нохчийн культурах.



Халкъо кхоьллинчу, лелийначу хIуманаша, цуьнан чуьрчу йийбаро, пхьегIано, духарша гойту оцу къоман дахаран хьелаш. Эшаршца а, иллешца а, бедаршца а, ур-аттала истанг тIехь буьллучу бустамца а билгалдолу иза.

Цхьа болх бу - шира хIуманаш гулъяр, кхин болх бу - шена Дала еллачу говзаллах пайда оьцуш стаг хилар. Иштачу наха йинчу хIуманийн гайтам бу хIокху деношкахь къоман музей чохь дIахьош. Музейн инарла директора Асталов Вахас Маршо Радиога дийцира цунах лаьцна.

Асталов: «Тхуна луучуьнга хьаьжча, дукха бац кхуза оьхурш. Делахь а, гIеххьа барамехь богIу. Цо гойту, нехан хьалхачул бала алсам кхочуш хилар. ХIокху гайтамехь ю похIма долчу наха куьйга йина хIуманаш. Исбаьхьа хIуманаш ю хIорш. Тайп-тайпанчу материалех йина а ю».

Соьлж-ГIаларчу музейхь, 26Заз2014

​Музейн йоккхачу чоьна чохь ю мел йолу экспозици. Чуволлушехь, шена тIе бIаьрг хIуттуьйтуш ду пенах тоьхна истангаш. Сийна а, баьццара а, схьахетарехь, муьлх-муьлхачу басарца иштта буьззина бос балур боцуш, юккъехь къоман бустамаш а болуш, дина ду уьш.




Асталов: «Вайна гушдерш истангаш ду. Хьалха вайнаха деш хилла ду уьш. ХIинца уьш деш Ясханов Мохьмад ву. И болх меттахIотто гIерташ, иза денбеш воллу иза. Куьйга беш болун дела, истангаш дукха дац, делахь а, дукхачарна масаллаш гайта ду уьш кху чохь. Цуьнгара уьш дIа а оьцу. Технологи а ейна яц церан. И бустамаш шен маьIан долуш хилла ю. Цул совнаха, басар дина бустамаш а хилла. Вай нохчаша хьалха дуьйна лелийна басарш а, бустамаш а бу уьш».

ТIеман гIирсах ду жоммагI, гIурда, Iад, аьчка куй. Уьш динарш Шелара ши ваша ву. Иштта цара дина шаьлтанаш а, тарраш а ду гайтамехь. Шашах беш бац цара и гIирс - археологашна карийначех тарбеш бина иза.

Асталов: «ТIемалойн гIирс бу вайна гуш берг. ЮсуповгIеран ши ваша ву и болх беш. Мовсаррий, Мовладий. Хьалха хилла вайн гIирс гайта гIерта и шиъ. ХIара жоммагI ду. Шина кепехь лелон йиш хилла иза - тIом беш а, маьршачу дахарехь а».

Исбаьхьаллица тIулг, дечиг, дIаьхк, дети, цIаста кечдар нохчаша дукха ширачу заманара схьадахьаш ду. Оцу гайтамехь дечигах йина дукха хIуманаш ю. Iад хьокху пондарш а, дечиг-пондарш а, кегий а, даккхий а адамийн суьрташ а, сту боьжна охана дечу воккхачу стеган скульптура а, шовкъехь йоьIаца хелхаволу стаг а. ПхьоьгIана гулбелла баккхий нах а бу дечигах бина.

Соьлж-ГIаларчу музехь, 26Заз2014

Хьех-дечигах, ша поппарх санна, шайна луъучу агIор дина куц ду церан. Дечке нохчийн даима а хилла безам, боху музейн директора Асталов Вахас.

Асталов: «Дечкапхьераш бу кхузахь. Масала, хIара Товсултановн болх бу. Успанов Нурланий, Майрбекий бина белхаш а бу. Иштта, хIара вайна гуш йолу исбаьхьа хIуманаш, хIорш куьце ялош йина наха. ХIара говзанчаш, вайн республикехь хьовха, арахьарчу гайтамашкахь а даима дакъалецна бу. Вайна юьхькIам болуш болх бо цара».

Гайтаме хаьжча, ойла кхоллало, массанхьа а дехкинчу адамийн бIаьргаш боьлуш бац-кх, олий. Халкъан кхоллараллехь ма-доггIу дуьненах самукъадолуш, аркъалдахана, доьлуш ца го адамаш. Кхетадан тарло иза а - дуьненан чулацам бу авторша шайна ма-гарра боккху шайн куьйгашца гIара.