Оьшуш лаьтта Оьрсийчоьнан хьал



ГIирма шех дIатохаро Оьрсийчоь экономикан, финансийн эшаме ялош ю, дIахьедина Дуьненаюкъарчу Банко. Цо бахарехь, нагахь санна Iаьмеркан Штаташий, Европан Бертой йохк-эцарехь шайн санкцеш юкъаяхахь иштта а лахлуш лаьтта Оьрсийчоьнан бахам тIекхиар дужур ду 1,8 процентна.

Дуьненан Банко бахарехь, кхушеран кхаа баттахь долахоша Оьрсийчуьра арадаьккхина 70 миллиард доллар ахча. Иза ду стохка дерриг а шарахь юьстахдаьккхинчу ахчанал а дукха. Цкъачунна дуьнено Оьрсийчоьнна духьалъяьхначу санкцеша а дина зен – Оьрсийчоьнан кредитан рейтинг охьаяьлла «эшна хьал» шех олучу тIегIантIе. Бужуш бу Оьрсийчоьнан акцийн мах а.