Маж-мекх нохчийн муфтиято хьедар - харцо


Нохчийчуьрчу муфтиято махкарчу бусулба нахана тIехь ша ден Iуналла чIагIдеш, церан юьхь-сибат тергоне эцар, цаьрга мажош яцъяйтар маьIна доцуш хIума лору эксперташа.

Масала, ХIирийчохь муфти лаьттинчу Iеламчас Евтеев Iела-Хьаьжас билгалдоккху зорбанехь, маж лелор суннат ду бусулба стеган бохуш. Иштта суннат ду боху цо, хечин когаш боца лелор а.

Ткъа маж-мекх доца-деха хиларца динан экстремизм гуш болу имамаш харц бу, цу тIе и битамаш боцуш а лелалур бу зуламна арабевлла нах, маьIна дац, юьхь-марше а хьоьжуш, бусулбаллин мах хедор, адамийн бакъонаш хьоьшу нах хьийзочара, аьлла хета хIирийн Iеламчина Евтеевна.