Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретаро Керри Джона Украинера кризис юьйцуш, деа сохьтехь дагадовларш дина Парижехь оьрсийн арахьарчу гIуллакхийн министрца Лавров Сергейца. Керрис бахарехь, цуьнан а, Лаврон а барт хилла, Украинера дов дерзош уггар дика гIирс дипломати ю, аьлла.
Керри Джона бахарехь, Украинан хьокъехь цхьа а сацам хир бац украинхой юкъахь а боцуш.
Керри: «Оцу процессехь мел йолу гIулч Украиница юьйцуш ю Цхьанатоьхна Штаташ. Украинера бакъдолу Iедал стоьлан тIехь а доцуш, цхьана цхьа гIулч йоккхур йолуш яц. И принцип дика кхеташ ю: украинхой боцуш, Украиница боьзна цхьа а сацам хир бац.»
Цуо сов, Керрис тидаме биллира, Украинан малхбалера дозанашна боккхачу барамехь тIеоьзначу Оьрсийчоьнан эскаршца боьзна Вошингтонан «ондда сингаттам».
Керри: «Украинера хьолаца йоьзна бакъйолу прогресс, Украинин дозанашкахь гулбина Оьрсийчоьнан вуно баккхий ницкъаш юхаозор юкъахь а долуш хила еза. Арахьарчу гIуллакхийн министрца тхайн тховса хиллачу цхьанакхетарехь аса айъинера, тхайн цу хаттарца боьзна боккха сингаттам. Тхо тешна ду, цу ницкъаша Украинехь кхерам кхуллуш а, сингаттам латтош а хиларх.»
Украинан малхбалехьарчу дозанашкахь Оьрсийчоьно шен иттаннаш эзарнаш эскарш дIатардиннашехь, Лавровс хьалхо керстадинера, Оьрсийчоь тIамца Украинина чуяха гIерташ хилар. Ша дIаяьхьначу зорбан-окнференцехь Лаврос элира, цхьа пачхьалкх санна Украина яхалур яц, цунах Федераци хила еза, цу юкъарчу кIошташа, шаьш шайна экономикан кеп а, мотт а, дин а къастийна.
Цул сов, Лавровс бахарехь, уьш кийча бу Украинан Iедалца болх бан, гIазакхийн мотт буьйцучу нехан бакъонаш шоръеш а, цо ма-аллара, «бакъо йоцуш герз лелош болчаргара а, питанчашкара а» герз схьадоккхуш а. Керри тIетевжира цо аьллачунна.
Лавров: «Тхан барт хилла кхин а шуьйрачу маьIнехь Украинан Iедалца болх бан а, Украинан къомаца болх бан а. Хьалхарчу Iалашонашна юкъахь долу - цигахь бехачу, кхечу къоман нехан бакъонаш ларъярна а, маттаца йоьзна бакъонаш ларъярна а, бакъо йоцуш гер лелочаргара а, питанчашкара а герз схьадаккхарна а тIехьажийна гIуллакхаш кхочушдайта дина оха иза. Цул сов, Конституцин реформа кхочушъян а, дуьненаюкъара тIехьажар а долуш, харжамаш дIабахьа а беза.»
Цхьанатоьхначу Штаташа а, Европан Барто а Оьрсийчоьнна дуьхьала ши тIегIа санкцеш яьхнера, Москохо ГIирма схьалацарна таIзар деш. Царна юкъахь дара Путинан уллерчу гонера нахана визанаш ца ялар а, арахьара банкашкара ахчанаш гIорор а.
Малхбузерчу лидерша бахарехь, нагахь санна Оьрсийчоьно кхин дIа а Украинера къепе йохаяхь, оьрсийн экономикан коьртачу декъана дуьхьал санкцеш йохур ю – газца а, маьхкадаьттанца а йоьзна.
Парижехь Керрина а, Лавровна юкъара дагадовларш, шинарин а, кхаарийн а деношкахь НАТОн арахьарчу пачхьалкхийн министрш цхьанакхетале дIадаьхьна дара. Схьагарехь, цу цхьанакхетаран коьрта хаттарш Украиница а, цуьнан хьокъехь Оьрсийчоьно лелочуьнца а доьзна хир ду.
Тiеоьзна эскарш а долуш, ша Украинера ГIирма схьайоккхуш дIаяьхьна референдум а, цул тIаьхьа ГIирма а, Севастополь-гIала а Оьрсийчоьнах тохар а, низамехь лору Кремло. Иштта референдум дIаяьхьира Нохчийчохь а 2003-чу шеран Зазадоккху-баттахь.
ХIетахь, Москохехьа ваьлла Кадыров Ахьмат вара, оьрсийн эскарийн гIоьнца Нохчийчоьнан коьрте хIоттийна. Цул хьалха, маьршачу харжамашкахь нохчаша Масхадов Аслан шайн президент харжар а, дуьненаюкъаралло уьш цIена хилар къобалдар а, гIан санна дитира.