НАТО: Оьрсийчоьно эскарш юхадахаран тоьшаллаш дац

Украинин малхбалерчу дозанера Оьрсийчоьнан эскарш дIадигина хиларан тоьшаллаш дац шайгахь аьлла дIахьедар дина НАТО-н инарлан секретаро Расмуссен Фог Андерса. Цо дийцарехь, Оьрсийчоьно йохийна НАТО-н а, Москохан а юкъаметтигаш латторан принципаш.

И бахьана долуш, цхь а хIума ца хилча санна юкъаметтигаш кхин дIа а лела йойла дац аьлла хета НАТО-н куьйгалхочунна. Расмуссена и дIахьедар дина Брюсселехь шина денна лерина цигахь йолаеллачу НАТО-на юкъайогIучу пачхьалкхийн арахьарачу гIуллакхушкахула болчу министрийн кхеташонехь. Кху тIаьхьарчу хенахь иттаннаш эзарнаш шен салттий тIеоьзна Оьрсийчоьно Украинин дозанна.

И бахьана долуш Киев синтем байна ю ГIирма дIалаьцначул тIаьхьа, кхин дIа а Оьрсийчоьнан эскарш шайна махка дахкарна. Даханчу Оршотан дийнахь Оьрсийчоьнан тIеман министралло хаам бира Украинин дозанера тIеман Iаморашкахь дакъалоцуш йолу цхьа батальон юха яккха дагахь ду шаьш аьлла.