Iамеркерчу Associated Press агенталлана интервью елла Ростох Янукович Виктора. Иза гойтуш яра «ДогIа» телевизионо а, кхин болчу зорбанан гIирсаша а. ГIирма дIакъастарна бехке ду карарчу хенахь Украинехь долу Iедалш аьлла д1ахьедар дина Януковича.
Оццу хенахь цо дийцарехь Оьрсийчоьно ГIирма дIалацар трагеди ю цунна. Ша иза дIалоцуьйтур яцара бохуш чIагIдо Януковича. Янукович Виктора Украинера кризис дIаерзо барт бинера оппозицица Чиллан-беттан 21-чу дийнахь. Амма цул тIаьхьа масийтта сахьт даьлча иза дIавахара Киевера. Оцу хенахь дуьйна Ростохахь ву иза. Шена хетарг дуьйцуш цхьацца дIахьедарш деш а ву Янукович Виктор.