Нохчийн йишас а, вашас а Магмадова Iайшата а, Аптис а корта схьа а эцна, Нохчийчохь я Оьрсийчохь ша шех эккхийта яха гIерташ хиларна бехке еш хилла Литувин яхархо Кусайте Эгле бакъйина пIераскан дийнахь Литуван Апелляцин кхело. Масех шарана яхъелла хилла кхелан цу жамIе йирзина.
Нохчийн йишас а, вашас а Магмадова Iайшата а, Аптис а корта схьа а эцна, Нохчийчохь я Оьрсийчохь ша шех эккхийта яха гIерташ хиларна бехке еш хилла Литувин яхархо Кусайте Эгле бакъйина пIераскан дийнахь Литуван Апелляцин кхело. Оцу кепара, хьалхарчу кхело Кусайте цхьанхьа теракт ян гIерташ хилар керстадина цу кхело. Масех шарана яхъелла хилла кхелан цу жамIе йирзина.
Амина Умаровас дуьйцу.
Оьрсийчохь эккхийтар дан гIерташ хиларна кхеле ийзош хилла Литувин яхархо буьззинчу барамехь бехказа яьккхина цу пачхьалкхан Апелляцин Кхело пIераскан дийнахь.
«Зуламан а, я бехк-такхаман гIуллакхан билгалонаш йолу ца дина гIуллакх», - аьлла шен сацам бовзийтира Апелляцин кхелехь суьдхочо Шюкшта Линас. «Кусайте Эгле бехке а лерина, Вильнюс гонан кхело харц пайда эцна бехк-такхаман низамах», - аьлла билгалдаьккхира кхелахочо, ша жима зуда бехказа йоккхуш бинчу сацаман маьIна довзуьйтуш.
Вильнюс гонан Кхело шен сацамца даханчу шарахь итт бутт набахтехь баккха хьажийнера бусулба дин тIеэцна йолу Кусайте Эгле. Амма цу ханна юкъаяхийтира, Iедалша лаьцна латточу хенахь цо чохь яьккхина хан.
Апелляцин кхело къастийна, интернетехь а, ша динчу къамелашкахь а Кусайтес ша шех Оьрсийчохь эккхийта гIерта бохуш дийцина хилар. Интернетера книгаш шен комьютерна чу юьзна а хилла, нохчашца Магмадова Iайшатца а, Аптица а гергарлонаш а лелийна. Москох яха ахча а делла хилла цунна».
Амма, кечамаш барх, теракт кхочуш ца хилла, элира Шюкштас, ша Кусайте бехказаяккхаран коьрта бахьана далош. Иштта, цо тидаме диллира, Кусайтес лелош хилларг бакъонийн органашна хуъуш хилла хилар.
«Стеган зуламан ойланна гIортор яран, цуьнга и зулам дайта гIертаран санна мах хадон беза. Цунна Оьрсийчу яха виза а еллера, иза дозанехь лацархьамма. Ткъа и тайпа гIуллакхаш низамца догIуш дац. Бакъонийн органаша лахьийна тоьшаллаш а низамехь лара йиш яц», - элира суьдхочо.
Ша бехке еш йинчу кхелана дуьхьал шортта латкъамаш бинера Кусайтес. Цуьнан гIуллакх тидаме эцнера бакъонашлаъярхоша а.
Маршо радионо дагадоуьйту Кусайте Эглеца а, МагмадовгIарца а доьзна гIуллакх. Нохчийчохь шолгIа тIом марсабаьлла боьдуш а болуш, Кремло вуно йоккха пропаганда дуьхьал яьккхинера нохчашна. Цхьанненан а цу республикехь хеццна бойъучуу нахах къа ца хетийта, интернетехь жигара болх беш бу къайлахчу сервисан векалш бу. Иштта, ша-тайпа интернетан-бехк-такхаман гIуллакх дара хIара.
Ша Маршо радиоца кхо шо хьалха динчу къамелехь Кусайтес ма-дарра дийцира, ша кхиазхо йолуш дуьйна, Литуван къайлахчу сервисаша шеца бинчу балхах лаьцна.
Нохчийн бераш а девзина, бусулба дине яьлла и йоI, Литувин ВСД урхаллин векало Баранаускас Арнолдас юьхьарлаьцнера. Эгле шена гонаха а, интернетехь а гергарлонаш лаха йолаеллера бусулба нахаца. Шен агIора, оццу Баранаускаса – Литувин къайлахчу сервисан белхахочо, контакташ луш хилла Эглена. ТIаьхьуо бен ца кхеттера Эгле, ша, Террораца Къийса Кхоьллинчу Урхалло а, къайлахчу ницкъаша а гуране лаьцна хилла хиларх.
Эгле: Интернетехь тIехьаьвсина ца Iаш, оцу Баранаускас Арнолдаса ша тайп-тайпана контакташ лора суна. Амма Магомадова Iайшат суна сайна евзина ю. Баташева а, Изабелла санна, нохчи ца хилла йолу, Арнолдаса йовзийтина яра суна. Германе яха а цо новкъа яьккхинера со.
Интернетехь хьуна кIелхевшина ца Iаш, маьждигехь а бу уьш. Цига воьдуш, цкъа а ца хаьа хьуна, дуьхьала мила кхетар ву. Цигахь цхьа хафиз вара суна дола дан лууш. Мерьюс Садаус вара кхин цхьаъ, суна вевзаш хилла бусулба стаг. Юха гучуделира, иза бусулба муххале а ца хиллий. Террорана дуьхьала кхоьллинчу декъан хьаьким хиллийла, Стаситис Сигитас»
Апелляцин кхелан сацамца а догIуш, Кусайте буьззинчу барамехь бакъйина. Кхин болу бехкамаш а дIабаьхна цунна тIера.
Набахтехь латточу хенахь цунна синIаткъам беш болу молханаш даийнера Литувин инарла прокуратурин векалша. Етташ ницкъ а бинера. Цунна тIебитина хиллера, Оьрсийчура бахана хилла оьрсийн къалйхачу сервисийн векалш а.
ХIокху гIуллакх доьзна бехк а кховдийна, Оьрсийчура набахтехь хан а яьккхина, араяьлла ю Магмадова Iайшат. Цуьнан ваша Апти хIинца а набахтехь ву. Цершинна адвокатца Хадисов Мусаца къамел хилира Маршо радионан. Адвокатана хIинца а хууш дацара, цу сацамах лаьцна.
Хадисов: «Нагахь санна Литувин кхело иза бехказаяьккхинехь, кхузахь чохь латтош волчу Аптин а, араяьллачу Iайшатан а гIуллакх хийцадала деза. Цуьнан гIуллакхах доьзна дара иза. Апти а, Iайшат а бехказадаккха чIогIа дика ду иза.»
Хадисов Мусана хетарехь, Литувехь бинчу сацаман бух тIехь керла такъам бан йиш ю цуьнан. Цул сов, цIе бехъярх а, набахтехь хан такхийтарх а хилла зе меттахIоттош, оьрсийн Iедалшкара ахча даккха а йиш ю.
Хадисов: «Европера Адамийн бакъонийн Кхеле бина латкъам бу вайн. Апти а, Iайшат а нийса чудоьллина ца хиларх а, Кумайтес дийцина хилларг а тIечIагIдина ца хиларх а лаьцна. ХIинца (Литувехь) бина сацам соьга схьа ма-кхеччина, Европера кхелехь болчу латкъкамна тIаьхьабахьийтича, хийцам хила беза аьлла хета суна.»
Литувера кхело Кусайте Эгле бехказайоккхуш сацам ца бинехь, МагмадовгIеран гIуллакх а хийцам боцуш дуьйсур дара. Адвокато дуьйцург Оьрсийчура кхелаш тергал а ца до элира Хадисовс.
Хадисов: «Талламхочо а, прокуроро а аьлларг бакъхета кхузарчу кхелашна. Царах ца теша бахьана дац олий сацам бо (оьрсийн) кхелаша.»
Ала дашна, Кусайте Эгле бехказайоккхуш бинчу сацамах лаьцна цхьа кIезиг хIума Оьрсийчура «Коммерсант» газето бен ца яздина. ХIинццалц, иза бехке еш Литувин кхелаша беш хилла сацамаш гуттар а нохчашца а юзуш, террора а хьехош, гIарадаккхара.