Оьрсийчоь йовза лаахь, хьажа цуьнан...мидалшка

Оьрсийчоьнан "ГIирма а, Севастополь а мукъаяккхарна" мидал

РогIера мидал арахецна Оьрсийчоьно – «ГIирма а, Севастополь а мукъаяккхарна». Иза елла президентна Путин Владимирна а, тIеман министрна Шойгу Сергейна а. Мидалца сийлалле ваьккхинчу 200 сов стеган могIарахь ву, масала, кинорежиссер Говорухин а, журналист Проханов а, эшарлакхархо Газманов а.



«ТIулгаша а дуьйцу». Нохчийн классика Мамакаев Мохьмада язйинчу поэмин цIе дагаоьккху Оьрсийчоьнан орденш, мидалш луьстуш. Ткъа кхузахь ала тарло: «Аьчкаша а дуьйцу»!

Паччахьийн заманара доьналлин тоьшаллаш-мидалш: «ГIебартойх леташ билгалваьллачунна» 1805-гIа шо, «Кавказ – 1837-гIа шо», «ТIамца Ахульго яккхарна, 1839 –гIа шо», «Нохчийчоь а, Дагестан а яккхарна 1857, 1858, 1859-гIа шераш», «Малхбузе Кавказ къаръярна, 1859-1864-гIа шераш»... .

Цул тIаьхьа бехха мур лаьттина оьрсийн империн, цо шен йолчу мидалех тоам а беш, керланаш кIезиг юкъахоьцуш.

Орденийн, мидалийн догIа чухьаьдда Оьрсийчохь Iедал коммунисташа шайн караэцча. 1940-чу шерашкара схьа, ша и Iедал доххалц йолчу хенаша, кхоьллина тIеман хьуьнарш гайтарна луш хилла ягарйина а ца валлал дукха йоьза билгалонаш. Царалахь ю Чехословаки, Венгри къаръярна, Китайхь, Корейхь, Кубехь, Вьетнамехь, Комбоджехь, Суданехь, Эфиопехь, Алжирехь, Мозамбикехь, кхечунхьа а, ур-атталла Бангладешехь тIемаш барна а луш хилла мидалш.

Советан Iедал доьхначу кху 20 сов шарахь Оьрсийчоьно тIемаш бина мехкаш бовзуьйтуш ю кхузаманан мидалш, орденш: «Сомалехь тIеман гIуллакх дарна», «Абхазина гIодарна», «ХIирийчоьнна гIодарна», «Кодори мукъаяккхарна», «Гуьржийчоь машарна декхаре ярна»... .

Ша ала ду Оьрсийчоьно нохчашца рогIехь бинчу тIаьххьарчу тIемаша кхоьллинчу мидалех. Дехха ду церан кочар: «Нохчийчохь тIемаш барна», «Къилбаседа Кавказехь гIуллакх дарна», жIар «Къилбаседа Кавказ, 1999-2009-гIа шераш», «Соьлж-ГIала яккхарна», «Дуьненаюкъарчу терроризмаца къовсам латторна», иштта дIа кхин а.

Нохчийчохь Масхадов Аслан президент лаьттачу шерашкахь, цуьнан администрацин куьйгалхо ша хиларе терра, Iедалан протоколан декъах а жоп луш хилла ву хIинца Ингалсехь веха Баталов Апти. Цуьнга дийхира Маршо Радионо таханлерчу Оьрсийчоьнан мидалех, орденех лаьцна хетарг алар. Баталовна иштта го хьал.

Your browser doesn’t support HTML5

Баталов Апти: Ямарлонан билгалонаш ю и мидалш


Баталов Аптис хьаха ма-дарра, кху деношкахь «ГIирма а, Севастополь а мукъаяккхарна» цIе йолу мидал а арахецна Оьрсийчоьно. Иза елла президентна Путин Владимирна а, тIеман министрна Шойгу Сергейна а, Украинера мохк боккхуш когашца а, куьйгашца а, дашца а къахьегначу кхечу нахана а.

Оцу мидало, масала, Iорадоккху Кремло къайладаьхьина латтийнарг. ГIирма оьрсийн эскарш кхаьчна а ца хилча, хIун динчунна елла мидал Шойгуна а, кхечу эскархошна а, ФСБ-н дакъошкарчу нахана а? Хаттарна жоп гуш ду мидалш схьаэцначийн могIаршка хьаьжча. Агрессоран къайле гучуйоккху ша мидало.

Бакъду, ямартло гучуяьллера аьлла, юьхь-марш, амал хийцалур йолуш хIума-м дац Оьрсийчоьнца. Дуьне кхардахь а, оьрсаша цкъа а ца динчу кепара дозалла до шаьш а, шайн президента а кхечу мехкийн Iойла йохорах.