Президента Путин Владимира пачхьалкх чIагIъеш бен некъ базбина буьйцучу Оьрсийчоьнан зорбан гIирсашкахь кест-кеста нисло цхьа хIума шалха, цхьамма аьлларг вукхо бохучунна нийсса бIостанехьа яздеш, гойтуш. РогIера аьшпаш гучубевлла НТВ а, «Россия» а телевизионаша цхьана украинахочух лаьцна шина хьесапехь кху деношкахь дуьйцуш.
Цхьана сарахь шина, Оьрсийчохь уггаре а дукха адам хьожуш, наха лоручех йолчу телевизионаша вуьйцуш ву Украинера цхьа стаг – Петков Андрей. НТВ-но иза ву боху жоллам, мостагI, «Правый сектор» («Аьтту сектор») олучу экстремистийн тоба нах байъа Iамош волу инструктор.
Ткъа «Россия» канало Петков Андрей ву боху Украина федерализаце ерзорехьа лаьтта, оццу «Правый секторерчу» экстремисташа йиттина охьавиллина пекъар, миска.
НТВ-но оцу стагах во масийтта пачхьалкхан паспорт кисинахь доллу, Германера ах-миллион доллар а деана, цхьа нах байъа кхин нах Iамошверг.
НТВ-н эфирера: «ХIинца тIехь ха а лаьташ? дарбан цIийнахь верг «Правый секторан» жигархошлахь вара. Цуьнан тобан коьрта Iалашо алссам маьршачу гуламера нах лазон яра, цаьрга кхидIа шайн акцеш ца латтаяйта».
«Россияно» иза во Киеверчу Iедало автобусахь бахкийтинчу зуламхоша-бандерахоша йиттина охьавиллинарг. И «бакъдерг» хьажархойн дегнашкахь чIагIдалийта, доьхку, Петков Iуьллучу маьнгехь, иза оьрсашкахьа вуйла гойтуш, къорза «георгийн цуьрг» а.
«Россиян эфирера: «Федерализацехьа болчу Николаеверчу агIончашна тIелатар Iедал декъахь доцуш ца дина. Нахала девллачу кадраш тIехь го «Правый секторан» герзахой эскархоша автобусашца тIебалош хиллийла, Андрей даима а санна, гIалин майдана веара, ша керлачу Iедална резавоцийла хаийта. Амма маьршачу протестхошна тIелетира, ша ма-барра тIом оьккхуьйтуш, радикалаш».
Интернетерчу шайн сайташка а ехкина шина телевизионо шаьш кеч ма-ярра бIостанехьа йолу и сюжеташ. Беламе ду царех лаьцна интернетхоша яздийриг а.
Адагемов Рустем: «Ша тIехь цирк ю-кх. НТВ-ной, «Россияной» цхьа стаг ву Гойтуш. Цхьаммо кхечу мехкан агент а, бандерахоа вина цунах. Вукхо бандерахоша Николаев-гIалахь йиттина охьавиллинарг вина. Декорацеш а ца хуьйцуш и сурт гойтуш, эхь а ца хеташ хьийзабо аьшпийн кIур».
Гельман Марат: «Суна-м ца хаьа, муха ала догIу а. Беламе-м ду. Вукху агIор, эхь а хета, ишттаниг нисло бохучух теша а ца лаьа».
Мартынов Кирилл: «Украинехь хуьлуш лаьттачух оьрсаша яржаен пропаганда тоам боллуш муха ю гойту оцу видеоно. Цул доккха эхь хир а дуй! Iовдалша, «георгийн цуьрг» а дихкина маьнгех!»
ХIинца НТВ-ной, «Россия» телеканалой санна, бIостанехьа, нахана ган а гуш, аьшпех вовшашхтоьхна сюжеташ, дийцарш, репортажаш лела Оьрсийчоьнан дуккха а дукхачу хаамийн хьостанашкахь.
Иштта, нах миллионашкахь кхаьрдаш, боьлуш яра бутт хьалха, ГIирма дIалаца Путинан го кечлучу деношкахь дуккха а телевизионаша гайтина цхьа сюжет а.
ГIирмахой-оьрсий эзарнашкахь уьду украинахойн къизаллина кIелхьара, Оьрсийчоьнан дозанах чекхбовла рагI ларъеш лаьтта, бохуш, гойтура доза а, цуьнан кевна бертте таттаделла адам а. Ткъа яьккхина видео яра, даима а санна, Европе кхача арабевлла, Полшин дозанехь лаьтта украинхой гойтуш.
Хьо талла араваьлча, Украинан-Оьрсийчоьнан дозанехула чекхволуш-м вацара цхьа наггахь волу некъахо бен а!