Яценюк: Регионашкахь референдум дIаяхьа леррина низам оьшу

Украинан премьер-министро Яценюк Арсенийс дIахьедар дина, регионашкахь референдум дIаяхьа леррина низам оьшу. Ткъа мехкан Конституцера хийцамаш, президентан харжамаша тIекхачале бан беза, аьлла. И аьлла хаам бира, Донецкехь, малхбалерчу кIоштийн куьйгалхойн векалшца шена хиллачу гуламехь. Яценюка бахарехь.

2012-чу шарахь Товбецан беттан 3-чу дийнахь Украинан парламенто тIеэцна Пачхьалкхан меттанийн хьокъехь йолу политика хийца дагахь дац Iедалш. «Украинера, гIазакхийн мотт буьйцучу нехан хьаштех лаьцна ду иза», - элира Яценюка.

Луганскера Кхерамазаллин гIишло лаьцначу Оьрсийчоьнехьара жигархошка цо дIахьедар дира, ша ницкъехь вац, Iедална карадуьйла, аьлла.
Украинан малхбалехьа дов дерзо Киево билгалдаьккхина 48 сахьт чекхдаьлла.