Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира дацаре дина оьрсийн эскархоша, къайлахчу сервисо, Украинан малхбалерчу къошташка а лесташ, цигахь сепаратизм яржайо бохург. Иштта жоп делира цо шарахь цкъа телевизионехула нехан хеттаршна жоьпаш луш, ша дIахьочу рогIерчу барамехь шега динчу хаттарна.
Цо бахарехь, бахархой бу Украинехь мел лелачу къепедацаршна бехке. Амма Путина дуьххьара къерахилира, ГIирмехь бахначу баттахь хиллачу референдумна кхерамзалла кхачош лаьттира цигахь тIеман дакъош аьлла.
Ша Украинехь бахначу баттахь хиллачу, иза «конституцица ца богIу карчам» бу аьлча, сингаттам совбелира меттигерчу бахархойн, бохура Путина. Цунна хетарехь, Украина цигарчу керлачу Iедало бердах кхуссуш ю.
Деа сохьтехь гергга жоьпаш делирна Оьрсийчоьнан президента бахархоша дечу хеттаршна.