Джи-7 Iаткъам бан гIерташ ю Оьрсийчоьнна

Джи-7 олучу тобанна юкъайогIучу уггаре а таро йолчу 7 пачхьалкхан лидерш дагахь бу Оьрсийчоьнна дуьхьал керла санкцеш кхайкхо, нагахь Москохо Женевехь бина барт кхочушбан гIулчаш ца яхахь. Оршотан дийнахь дуьйна Украинехь кризис эккхарна бехке болчу Оьрсийчурча нахана а, тIкъа иштта Кремлна герга йолчу компанешна а, нахана а дуьхьал санкцеш кхайкхош ю Iамерко а, Евроберто а.

Reuters-агенталло дийцарехь, Европерчу цIейозанна юкъатоьхна ву Украина йоькхуш дакъалоцуш волу 15 Оьрсийчура вахархо. Iамеркан цIейозанна юкъахь ю Путин Владимирна герга йолу фирманаш а, бизнесхой а. Нагахь Оьрсийчоьно Украинин чоьхьарчу гIуллакхашна юкъагIертар саца ца дахь, Оьрсийчура мехкадаьтта а, газ а, лаьттан туьханаш а эцар дехка дагахь ю Iамерка а, Евробарт а.