Деношкахь шена Нохчийчоьнан администратора Кадыров Рамзана ша бандит ву аьлла дина дIахьедар ша тергал ца деш дуьту, аьлла, хаам бина Дагестанерчу Хасу-Юьртан къоштан куьйгалхочо Умаханов Сагитпашас.
Иза шена ша доьхку дино а, гIиллакхаша а ма хьоьхху, бохура журналисташка Умахановс. Хасу-Юьртан къоштан префект гIаттамхошца гергарлонехь ву, аьлла, дIахьединера Кадыровс Соьлж-ГIалахь чоьхьарчу гIуллакхийн министраллехь гулам болуш.