Нохчий а, кхин болу кавказхой а, Оьрсийчоьнан бакъболу патриоташ шаьш ду аьлла, дахар а, синош а ца кхоош, дIагойтуш балахь а, шортта масалш ду, юкъараллехь уьш тIе ца оьцуш. Оцу хIуманна цхьаъ ца дахь, Оьрсийчоьнан кхане дика хира яц аьлла хета дукхачу тергамхошна.
ХIара шо дуоладелча, набахтехь яьккха ши шо хан а тоьхна чувоьллинера Хьалха-Мартан кIоштера вахархо Абдурахманов Рамзан. Кхело цуьнан бехк бира, нахана юккъахь тIемалошкхьа къамелаш дина аьлла. Кхелан сацам бича, цуьнан адвокаташ аппеляци йинера Оьрсийчоьнан лаккхарчу кхеле.
ХIокху деношкахь, Нохчийчохь бинчу сацамна хийцам ца бира цигахь а. Оцу жимчу стаган, шен хенан бен хьекъал ца хилар бахьанца, нахана юккъахь дина долу къамелаш кхоччуш бале даьлла хIинца. Ала догIу и кIант, Нохчийчохь доьххьарлера вахархо ву и хIума бехке а диллина, керлачу низамашца ма доггIу чувоьллина.
Иштта дукха хан йоцуш, Пятигорск гIалахь, гIалгIайн къомах волу цхьа жима стаг а чувоьллина набахте. Арчаков Мохьмад-Баширина, бехке дуьллуш ду, цуо университетера шен хьехархочуьнна иза оьрсий хилар тIех а тухуш, цуьнан экамечу дагана чов йина хилар. ХIинца, цуо цхьа шо ах шо чохь а доккхура ду, иштта цунна гIуда а ду тоьхна 300 эзар сом.
Кавказхойх цхаьммо дог даьттIа цхьаъ аьлча- иза пачхьалкха йоххола зулам лору, ткъа, оьрсийх волчу цхьан скинхеддо кавказхочуьнна урс тоьхча-за ларамаз валар лору. Оцу хIумнах дIабоьлла нохчий а, кхиберш а. Оьрсийчохь набахтеш юьззина ю I0 а, I5 шераш а тухуш чубоьхкинчу нохчийн кегийчу нахах. Иза шена гина, ша а цхьана хенахь чувоьллина лаьттиинчу яздархочуьнна Закриев Русланан. Оцу хьокъехь цуо иштта дуьйцу.
Закриев Руслан: Со Дала къинхетам а бина, и сацам юх а баьккхина аравелира цу чуьра. Нигат а дара сан, бакъдерг дуьйцура ду аьлла. Цигахь чохь бакхачу нохчех 90 процент бехк боцуш бу. Церан гIуллакхаш теллина ас. 20 а, 25 а шераш кхаьчна бераш ду уьш, I0 а, I5 а шераш а тухуш чубоьхкина».
Оьрсийчоьнан политикан тIегIан тIехь, жухIарг аьлла шен леррина цIе лелочу Жириновский Владимира, дукха хан йоцуш, кхайкхам бинера, кавказхошка шина бералла кхин доьзалла буолабайта мегар дац аьлла. Иза низамашца чIагIдан деза бохура цуо. Оцу хIуманна, ша гIезанна тIера хи санна бехк дIабаьлла цунна. Иштта шалхенаш бахьанца а, кхелхойн коррупцино а Оьрсийчоьнна вуо болх бийра бу тIейогIучу заманахь ,аьлла хета Закриев Руслана.
Закриев Руслан: «Уггаре а чIогIа зулам хьан до хьуна аьлча, Оьрсийчоьнна до. Оцу массо а хIуманна бахьан коррупции ю. Бехк боцурш чубухкуш бу. Оьрсийчоьнан кхелаш иза, къаьхь де ду. Зулам ду иза. Оцу берашна беш берг ницкъ бу. Вай массара а, цхьана агIора хIун дича, хIун хира дара теша, аьлла лах дезаш дара-кх».
Къоман тахане а, кхане а, цуо дуьненахь дIалоцучу меттигах а къамел деш, Закриев Русланан ойланаш Украинехь лаьттачу хьолан гуонахь хьоьвзира. Оцу хIуманна бехк а бац. Нохчийчуьра Iедалхоша, кесст-кесста кхерамаш тосу цигарчу Iедалшна. Шена цуьнах хетарг иштта билгалдаьккхира Закриев Руслана.
Закриев Руслан: «Украинхой нохчий санна декъаза къам ду. Нохчех тера а ду уьш. Суна царах къахета. Ас яздина ду цхьа дийцар «Вологда тобанна юхъяр» аьлла цIе а йолуш. I99I шарахь дуьйна Нохчийчохь хилларг ду ас цу тIехь яздина. Изза сурт ду, изза сценарий ю Украинехь ерг а. Украинцаш хIаллакх бан кечбеш бу. Дала хIума ма хуьлуьйтийла царна хIумма а. Вайна а коьртах хIума йиттина.
Вай цIахь, хIинца дуккха а эзарнашкахь зудабераш ду урамашкахь лелаш. Хазалла а, жималла а дала дохкуш ду уьш. Ткъа, кегирхой кIезга бу. Иза бохам бац кхин? Вай яхь-йохь а йолуш схьадогIуш дац вай? Къоман чуьра баланс дIаялахь, вай хIаллакх хира ма ду. Украинан вайна диннарг деш ду. Ткъа, чакхе оцу гIуллакхан муха хира ю аьлча: хIара дуьйне дуолийча дуьйна ницкъ болчо гIийлачуьнна ницкъ беш схьадеъна. Иштта харц дуьне ду хIара. Церан гIуллакх дан гIерташ вац цхьа а».
20 а, 30 шо хьалха, хиндерг гучудоккхуш цхьацца къамелаш дора баккхийчу нахера ду бохуш. Ши тIом хилар а, гоьллелца цIийлахь мохк карчара а бакъ хилира. Цул тIаьхь, лаьттара дашо эппаз схьаэца а ца бешаш, оццула гIуллакх хьалдера ду бохуш дара нохчийн. Гарехь хIара зама ю йийцинарг. И эппазаш-м, гуш дац. Охьаэгале дIагулдечух тер ду уьш.