Оьрсаша динчу дехарал деза ду гуьржашна кавказхойн гергарлонаш

Гуьржийчохь Лакаев Юсуп лоцуш

Оьрсийчоьно юха а дехар дина гуьржийн Iедалшка цара лаьцна кхобу дагестанхо Кадиев Михаил а, нохчо Лакаев Юсуп а шен каралахьара аьлла. Амма и дехар кхочуш дойла дац, аьлла, шайн мехкан прокуроре кехат дахьийтина Гуьржийчохь президентан цIарх адамийн бакъонашна терго ечу Нануашвили Учас.



Гуьржийн халкъан верас ларалуш волу омбудсмен Нануашвили Уча дуьххьара вистхилла, шайн мохк тешаме а хеташ, оьрсийн къизаллах бевдда баьхкина я гуьржийн лаьтта тIехь зулам дарна лецна болу кавказхой, оьрсаша дIа ма бехнна, церан карабалар нийса дац бохучу маьIнехь.

Нануашвилис ша зорбанехь бечу хаамца, хIинца юха а Оьрсийчоьно дIабоьхурш бу дагестанхо Кадиев Михаил а, нохчо Лакаев Юсуп а, кхин массех стаг а. Паьнказарчу бахархоша дийцарехь, оцу нахана дуьхьал Оьрсийчоь дагахь ю ша гуьржашца тIом бина яьлча, Гуьржийчоьнан шпион ву аьлла, лаьцна кхобу кхо стаг дIахеца.

Омбудсмена Нануашвили Учас шайн мехкан прокуроре хьажийна дехар къобал до Паьнказарчу нохчаша. Уьш хилла а ца Iа цуьнан гIулчана реза. Реза бу гуьржийн бакъоларъярхой а, кавказхойн гергарлонаш деза хета нах а. Царех ву Маршо Радионо къамел дина Кавказан къаьмнийн конфедерацин куьйгалхо, политик, Гуьржийчоьнан жигархо Касрелишвили Заал а. Иштта хадабо цо шайн омбудсмена прокуроратуре динчу дехаран мах.

Касрелишвили Заал: « Тхуна иза керла хIума дац, тхо даима а хилла кавказхой Гуьржийчоьно Оьрсийчоьнанан Iедале дIабаларна дуьхьал. Кавказхочо гуьржийн махкахь зулам динехь, цо гуьржийн низамашца Гуьржийчохь дала деза жоп. Цундела нийса дац 90-чу шерашкахь тIом бинчу нахера чIир эца лаам болчу оьрсийн хьаькамийн луург даккхар.

Дукха хан йоццуш къамел лелара, Абхазехь зулам дина бохуш вуьйцу Лакаев оьрсийн карваларх лаьцна. Тхо тхайн махуьллу гIевттира иза оьрсийн Iедале дIа ца валийта. Цундела, тхан кхетамехь, Гуьржийчоьнан омбудсмено нийсса дина. Эххар а иза хIоьтти хIуманан цIе нийсса яккха. Оьрсийчохь дуьненан бакъонаша луш йолу кхерамзалла яц цхьана а кавказхочунна. Яц цигахь иза набахте кхачийча а.

Цу тIе, оьрсийн политикан куьйгалхойн гамо шега йолу кавказхо дIаваларца оха тхайггара иза къиза, тIехь гIело а йойтуш, вен дIалуш ма нислой».

Стенна оьшу Оьрсийчоьнна Гуьржийчохь лаьцна волу Кадиев Михаил а, Лакаев Юсуп а? Кремлан фабула иштта ю. Цо дийцарехь, пхи шо хьалха Хасу-Юьртан кIоштан да Алхаматов Iеламсолта а вийна, ведда Дагестанера Кадиев Михаил. Ткъа гуьржийн кхело, герзаш лелорна бехке а вина, ши шо хан а тоьхна, шайн махкахь набахте кхачийна иза а, кхин а цуьнан цхьа накъост а кхушара.

Нохчо Лакаев Юсуп бехкевира оьрсаша стохка Абхазехь Оьрсийчоьнан дипломат Вишернев Дмитрий а, цуьнан зуда а дийча. Ткъа тIаьхьо гуьржаша шайн Батуми-гIалахь лецира, иза шеца герз лелош хилла аьлла.

Шиннан а я бехк къастош а, я уьш зуламан декъахь хилар дуьззина чIагIдеш а дац гуьржашка оьрсаша дIакхачийна тоьшаллаш.

Тахана омбудсмена Нануашвили Учас шайн Iедале кавказхой оьрсийн кара ца балар доьхуш айдина хаттар доккха маьIна долуш го Гуьржийчохь тховкъело карийначу нохчашна. Царна дагахь лаьтта шераш хьалха Оьрсийчоьне гуьржаша виъ нохчо дIавалар а, уьш оццу деношкахь дуьйна лар йоцуш доьза байна хилар а.

Цундела ду, масала, Кавказан къаьмнийн конфедерацин лидерна Касрелишвили Заална Гуьржийчоьно и тайпа къинош кхин шена тIе ца хьерчадойла лаар а.

Дукха хьолехь, оьшшу бух балийна а ца хуьлу Кремлан векалша шаьш кхечу махкара дIавоьху стаг стенна бехке ву бохург, къаьсттина нохчех иза хилча-м муххале а. Цундела шен юьхь ларъян а, кавказхошца йолу юкъаметтигийн кхоччуш тIалам бан а луучух тера ду гуьржашна.