Краматорскера хьал шайн караэцне Киевера Iедалша

Украинан Чоьхьарчу ГIуллакхийн министро Аваков Арсена дIахьедар дина, Краматорскера Украинан Кхерамазаллин Сервисан Урхаллина куьйгалла дар шаьш схьаэцна аьлла. Цул а хьалха цо хаам бинера, меттигерчу кеманийн портана а, телевизонна а долу урхалла а шайн карахь ду, аьлла.

Сепаратисташа гIалина гонаха хIиттийна блок-посташ а, эскарша дIалаьцна. Сепаратисташ чIагIбеллачу Славянскана къилбехьа агIора ю Краматорск. Славянскана а эскархоша го бина аьлла дIахьедар дина, Украинан Чоьхьарчу ГIуллакхийн министраллло. Аваковс шоьтан Iуьйранна шен Фейсбукана тIехь яздина, леррина тIеман операци кхин дIа а дIахьур йолуш ю, аьлла.