Дукха зама ю Нохчийчухула гIергIаш, некъ кест-кеста хуьйцуш, бердаш охьуш догIучу Терко массех юьртан кхоллам кхерамехь латтабен. Ломаз-Юьртан а цул лахарчу Iелин-Юьртан а, масала, дикка дакъа дIадаьхьна цо шеца хенан йохалла. Хьалха коммунистийн Iедал орцах долура оцу ярташна мелла, ткъа иза доьхчхьана Терко йохорна кхерам болуш ду шина а юьртан хьал.
Хьаладевллачу хиша дан тарлучу зенашна дуьхьало ян йолийна Нохчийчохь. Орцаллин министаралло хааме даккхарца хи чухьада кхерам болчу масийтта кIоштехь леррина белхаш дIаболийна бердаш чIагIдеш, хинан хершнаш кIаргдеш, ваьлнаш деш. Официалан хьостано бахарехь кIелхьардаккхархоша тIетаьIIа чIагIонан белхаш дIахьуш ду Шелковск, Новр, ТIехьа-мартанан а кIошташкахь. Цу кеппара кхерамазалла кхуллу белхаш дина дохуш ду, дийцарехь , Итум-Кхаьллин, Шелан, Курчалой кIошташкахь.
Орцаллин министаралло гIаодаккхарца дистина бердах довла тарлучу хишка даккхий зенаш ца дайта Iедало кхушара къастийнарг ду I24 миллион сом ахча. Къаьсттина хиш тIехдовларан кхерам болу меттигаш аьлла къастийнарш ю Гуьмсан,ТIехьа-Мартанан, Хьалха-Мартанан, Соьлжан кIошташ а, Соьлжа-гIаларчу Заводан кIоштера Войково а.
Стенна делахь а тергамза йитна Теркйист кIошт. Йитна II-I2 шо хьалха чухьаьддачу хино махкахь уггар даккхий зенаш динчех цхьаъ и кIошт хиллашехь, цул тIаьхьа бердаш чIагIдеш Iедало дина хIумма а доццушехь. Ишта цхьа хIума дина дац даима а хи хьала долучу меттехь Теркан харш кIаргдарна тIехьажийна а. Мелхо а низамхоша и пайдехьа доллушехь нахе шайн хьашт-дезаршна йоккхуьйтуш яц Терка чуьра гIум –жагIа а.
Иттаннашкахь бахархойн цIенош доха а деш, шийтта шо хьалха алсам зенаш динчех ю масала Теркйист кIоштера Iелин юрт. ТIаьхьарчу хенахь аьхке тIеяр йоккха гIайгIа ю шайна бохуш дуьйцу цигарчу бахархоша, стенна аьлчи хIора шарна а, цхьа Делан къинхетам бахьнехь чу ца хьодуш дуьсу шайна хи бах могIарерчу наха. Хьалха динчу зенех а, юьртахоша шаьш хиэ ца даийта Теркан бердаш чIагIдарх а дуьйцуш ву Iиса цIе йолу вахархо.
Iиса: « Дукха зенаш мА динера хьалха терко. Кху сохьта а цхьаболчеран цIийнан пенаш тIуьна лаьтташ бала хьоьгуш бу-кх нах. Iедалан гIо ца кхочуш бисира дукха юьртахой. ХIара хьуна мел го урамаш хи чохь дар-кх. Хиллачу зенашка хьаьжча бахархошна цIенош а дукха ца дира. Иттех цIа-м дира. Кхин цхьажимма хи юха ца долуш хьеделлехь ах юрт хи чохь хир яр-кх. Цул тIаьхьа а Теркан берд лакха баьккхина а бац хьуна. Iедале орца баха кIорда а дина тхо тхьаьш бердаш чIагIдеш ду-кх хи юьртана тIегIертачуьра сацо. ДIа мел доккху дитт, оьшуш йоцу бетон, я пилта , кхиерг наха Терка берд чу кхуссуш ю чIагIонна. Терканйистан бала-м бац цхьанне а.. ГIо хиларе са-м туьйсу оха».
Со Теркан берд йистехь лаьтташ ву-кх. И берд мел бу, телашца дIа а доьхкуш, берд ца баийта, чукхиссина ду дитташ, бетонаш, хьирчинчу эчиган серий таппаш…Гуш долу сурт кхетош ву цигара вахархо Салахь.
Салахь: « ДуьнентIе мел йолу дечиг-дитт, бетон оха кху чу кхуссуш ю-кх. Кхин тхуна хила гIо дац оха тхаьш цхьаъ ца дахь. Юьртана хи тIекхача йиснарг йоккха юкъ яц. Кхо чакхарма а сов еха ю тхан юрт кху Теркаца. Оццул дIа беха чIагIбан дагахь дут хо берд.»
Iелин-юьртахоша мукIарло до и тайпа IалгIож чукхосса йолийчхьана юьртана тIегIертачуьра Терк сецца бохуш.И ца динехь боху цара лаххаре а 25-30 метр кхин а герга деъна хир дара шайна хин харш. Наха ишта даре до, хи тIех ца далийта, берд лакха а боккхуш, чIагIамаш бан таро яц шайн бохуш.