Гуьржийчоь а, Атлантикан тIеман альяс а


Тбилисе веъначу Ингалсенан арахьарчу гIуллакхийн министрца Хейг Вильямца къамел деш, Гуьржийчоьнан тIеман министра Аласания Ираклийс элира, шена хIинца, Украинехь кризис есташ лаьттачу деношкахь билггал хии Атлантикан тIеман альянсе, НАТО-га, ша дукха хан йоццуш шайн пачхьалкхан кхерамзалла лакхаяккхарехь гIо дар нийсса дехнийла, аьлла.

Iамеркан эскарийн урхалло Пентагоно а даржийна ша жигара дохур ду Гуьржийчоьнца долу юкъарлонаш, аьлла. Iамеркан Штатийн тIеман министран пресс-секретара контр-адмирала Кирби Джона бахарехь, цуьнан хьакама Хэгела а хьоьху гуьржашна эскаршкахь цара дIахьош йолу реформаш сихъяр а, Атлантикан альянсе кхача оьшшу некъ бар а.