Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташкарчу Бостонехь лелхийтарш дарна бехкевечу Царнаев ДжовхIаран адвоката дехна кхеле, цо хьалха, ша лаьцнначу мурехь, дарбан цIийнехь, гIоьмашца маьнганах вихкина а волуш, йозанахь дина тоьшаллаш дов хоттучехь Iора ца дахар. Уьш ницкъахоша, уллехь адвокат а воцуш, Царнаев вуьззина кхетамчохь воцчу муьрехь даьхна ду, боху адвокаташа.
Кхин цхьа дехар а дина цара кхеле: нохчочунна иза вен кхачон, дов хоттучу Массачуссет штатехь лелаш а йоцу бехктакхаман артикл дуьхьал ца яккхар.
Стохка воккхахволу ваша Тамерлан а леш, лецира Царнаев ДжовхIар, марафон йоьдуш цушимма лелхийтарш а дина, 3 стаг верах шеко йолуш. Царнаевс бехк шена тIе ца эцна.