Украинера кризисца йоьзна керла санкцеш юкъаяьхна Канадо

Украинехь хIоьттина кризис бахьана долуш керла санкцеш кхайкхийна Канадин Iедалша. Экономикан санкцеш юкъа а яьхна, шайн махка бахкар дихкина цара ялх Оьрсийчоьнан а, ялх Украинин а махкахочунна. Оттавехь билгалдаккхарехь, цу нехан бехк бу «Оьрсийчоьно Украинин суверинитет йохош» дакъалацарна.

Цу тайпачу дIахьедарца Оршотан дийнахь вист хилла Канадин премьер-министр Харпер Стивен. Дуьхьал санкцеш кхайкхийначу нахана юкъахь ву Оьрсийчоьнан инарлин штабан куьйгалхо Герасимов Валерий а, Оьрсийчоьнан пачхьалкхан думан гIаьнтден ши когаметта Неверов Сергей а, Швецова Людмила а, ша йозуш йоцу пачхьалкх ю аьлла дIакхайкхийначу «Луганскан халкъан губернатор» Прокопив Герман а, «Донецкан халкъан республикан» лидерш Пургин Андрей а, Пушилин Денис а.