ТIом бу Донбассехь боьдуш


Сепаратистийн карахь лаьттинчу Донецк-гIалин аэропортехь тIом бу боьдуш. Террорна дуьхьал лаьттачу ницкъийн куьйгаллин векала Селезнев Владислава хаам бина, террорхоша шаьш дIахьейина ультиматум цара кхочуш ца йира, аьлла. Яккхий тоьпийн гIовгIа а, дуьйлу герзаш а тергалдо кху муьрехь журналисташа. «Донецкан республика» олучу кIоштан лидер ша кхакхийначу Пушилин Дениса, Донецк реза яц Украинан президентан харжамаш къобалбан, ша цигахь тIеман хьал кхайкхадо аьлла, дIахьединера кIиранан буса.