Кхин а виъ Европера монитор лаьцна Донбассерчу террорхоша


Украинан Iедало дIахьедина, ша дерриг а дийр ду дуьненаюкъара тергамхой лецначу Донбассерчу сепаратистийн болам хьошуш, аьлла. Цигара цхьайолу кIошташ шаьш юьззина дIацIанйина террористех, элира тIеман министра Коваль Михаила. Мохк низамехь баха болабаллалц, машар хир бац, бохура цо.

Коваль хаам бина, хьалха лаьцна, террорхошкахь висинчу Европан кхерамзаллин, цхьанаболхбаран организацин веа белхалочунна тIекхетта пIераскандийнахь лачкъийна кхин а виъ тергамхо, аьлла.

Луганскана 100 километр герга йолчу Северодонецкехь вайна и виъ стаг. Цаьрца зIе хаьдда Европерчу коллегийн еарийн сарахь.