Оьрсийчоьнан газ мел оьшу Европана?

Оьрсийчоь -- Газпроман лого-васт

Малхбузенан куьйгалхоша кест-кеста билгалдоккху, Европа Оьрсийчуьрчу газах а, мехкдаьттах а йозуш ю, цундела вай Кремлаца гергарло ца лелийча ца довлу олий. Амма кху деношкахь Берлинехь шайн талламаш бовзийтинчу энергетикан Iилманчаша дацаре до, оьрсийн газах хаьдча Европа милла лийр ю бохург.



„Оьрсийчуьра Европе кхочуш йолу газ сацаяхь, хIун амал ду европахойн дан?“ - бохучу хаттарна жоп лоьхуш бара Германехь вовшахкхетта хилла болу энергетикан говзанчаш.

„Нагахь санна оьрсаша шайн газ дIалакъаяхь...“ - иштта, и европахойн кхерамаш самабоху ойла юьхьара а лаьцна, гIоьртира немцойн цIеяххана болу энергетикера говзанчаш а, Iилманчаш а духе кхача, - хIун хир ду я хила там бу, нагахь Оьрсийчуьра Европано оьцуш йолу газ кхин ца хилахь, бохучу хаттарна жоп лаха.

Шина тайпана дерза йиш йолу некъан голатохар листира Iилманчаша цу хьокъехь. Хьалхарниг – Украинехула Европе кхочуш йолу оьрсийн газ сацахь хIун хир ду боху вариант яра. Ткъа шозлагIниг- иза, янне а кхин газ Оьрсийчуьра Европе ца йоуьйтуш, Кремло шен политикан а, экономикан а коьрта гIирс хилла лаьтташ долу и сурсат, Малхбузенна ца духкуш, дIасацадахь хIун хир ду бохург дара.

Аналисташна хетарехь, хьалхара вариант – Украинехула йолу транзит сацорца йоьзна ерг, - хила мегачарех ю, хIунда аьлча, Кремлан, Украинин керлачу Iедалан хIинцалца схьа ка ца даьлла, газан мехашна тIехь барт бан. И бахьана долуш ша Украине йоьдуш йолу газ сацор ю бохуш кхерамаш хазбо дела денна аьлча санна Газпром концерно.

Германерчу индустриян а, экономикан а юкъараллин энергетиках долчу декъан куьйгалхочуо Кемферт Клаудияс дийцарехь, Европе кхочуш йолу оьрсийн газ кхаа биргIанехула йогIуш ю.

Цунах нийса ах ю Украинехула чекхйолуш ерг. Беларусехула Европе кхочуш ю кхин а 30 процент, ткъа дукха хан йоцуш керла йиллинчу, Балтикан хIурдана бухахула йоьдучу биргIанехула йогIуш ерг I6 процент газ ю.

Бен-бен ду тайп-тайпана Европера пачхьалкхаш оьрсийн газах йозуш хилар а. Нагахь санна Австри а, Финлянди а, Словаки а, я Балтикера пачхьалкхаш 100 процент герга Оьрсийчуьра газ оьцуш елахь, Германи, масала, - царел массарел а чIогIаха „ваа, вай оьрсийн газах дIахадахь, милла лийр ду“ бохуш,орцанаш дохуш йолу, - бакъдолчехь, уггаре а гIолечу хьолехь ю – иза ша лелош йолчу газан 38 процент бен Оьрсийчуьра оьцуш яц.

ТIехула тIе, цо оьцуш йолчу газан алсамох долу дакъа Украинехула чекхдолуш дац, керлачу Балтикан хIурдабухехула чекхдолуш ду.

„Оха бинчу талламаша гойтуш дерг цхьаъ ду, - элира Кемферт Клаудияс шен къамелехь,- нагахь санна, Оьсрийчоьно Украинехула хьажош йолу газ сацаяхь, и эшам юхаметтахIоттон аьттонаш бу Европин. Дуьненчохь шортта хилла а ца Iа газ, Малхбузерчу Европе иза кхачон а цуьрриг а хала дац“, - аьлла.

Изза аьлла хеташ ву Венерчу Малхбалерчу Европин форуман Iилманча волу политолог Чапханов Руслан а. Цунна хетарехь, „Европа Оьрсийн газах йозуш ю, цундела цу пачхьалкхаца йолу юкъаметтигаш экама ларон еза“ боху къамелаш политикан бух болуш долу, ткъа оьрсийн газана шортта альтернатива ю дуьненчохь.

Чапханов Руслан: „Энергетиках волчу еврокоммиссаро Эттингер Гюнтерс олуш ду, Германино а, Европано а шийла газ яккхар карадерзон деза, олий. Лаьтта бухара йоккхуш ю иза, лаьттан экхъа йоха а йой. Иштта коча газ ю дуьненчохь шортта. Иза йоккхуш, юхкуш Норвеги а, Катар а, Къилбаседа Африка а ю. Шортта ю газ. Цигара схьаоьцур ю. Европано ша шен лаьттанаш тIехь а йоккхур ю“.

Малхбузерчу политикаш а, пачхьалкхийн куьйгалхоша а туьйсуш болу кхерамаш а, сценарийш а кхочуш хир ю аьлла ца хета Русланна. Къаьстина, Оьрсийчоьно шен газ Европина йохканне а ца юхкуш, сацор ю бохург аьттехь а ца дуьту цуо, хIунда аьлча, Европина газ ца йоьхкича Оьрсийчоьнан шен а дан амал ца хиларна.

Чапханов Руслан: „Вай цхьана хIумнах кхета деза уггаре а хьалха: Оьрсийчоь Европе газ йохкарх алсамох йозуш ю, Европа цу оьрсийн газахчул. Я царна мел чIогIа лиъчи а, юхкучура и шайн газ сацон церан аьтто а бац. Иза вайн исторехь а гина. Мел буто „шийла тIом“ болчу хенахь а ца сацийна цара-м и шайн газ. ХIинца а сацор яц. Церан бюджет ма ю цу газах схьаоьцучу ахчанах йозуш“.

Амма нагахь санна, цхьа дагахь доцург а хилла, Оьрсийчоьно и шен сурсат сацош нислахь а, тIаккха а кхин хIара аьлла Далатохар цунах хир ду аьлла хеташ бац тергамхой. Дера, баз-м лур бу газан мехаш доллучу дуьнентIехь а. Амма европахойн кхерчашкахь буто шело хIуттур ю бохург аьттехь а дац.

ХIунда аьлча, вевзаш волчу немцойн энергетикан говзанчас фон Хиршхаузен Кристиана ма-аллара, дела денна коча газ яккхар а, лелор а алсам долучу Европехь шело бахархойн лан дезар ду бохург хила йиш йолуш хIума дац.

Цо а элира, Европа оьрсийнарг газ ца хилча а, хене ялалур ю, аьлла. Коьртаниг, аналисто билгалдаккхарехь, хуьлуш дерг хилла даллалца, ладоьгIуш а ца Iаш, Европерчу пачхьалкхийн куьйгалло а, Евробертан куьйгалло а шаьшна алтернативан энергетикан тIалам бар ду.