Ишхой-Юьртара дархой – симулянташ?


Гуьмсан кIоштарчу Ишхой-Юьртара 116 стаг ву вуьсуш дарбан цIеношкахь кIира хьалха хих ун даларца доьзна.

Могашаллин министраллан векалша хаамаш бо зорбанехь, оцу нахах дукхахберш хIумма а хилла а ца бийшина дарбан цIеношка бохуш. Iедалхошна хетарехь, эладита даржийна хилла оцу хьесапехь могашаллана хиллачу зенна дуьхьал нахана пачхьалкхо ахчанаш ло аьлла. Оцу хабарша арабаьхна нах шайна оьшуш а доцу дарба леха, аьлла хета хьакамашна. Цара дийцарехь, экспертизано Ишхой-Юьртара хи цIена гайтина.

Ткъа юьртан куьйгалхоша тоьшалла до шайн юьртахошна баккъал а хих ундаьлла хиларх. Юьртан ялташна тIелетта сагалматийн цIоз хIаллакдеш диттинчу молханаша хи бехдина хила тарло шайн юьртахь, аьлла хета Ишхой-Юьртан бахархошна.