Австрерчу Грац гIаларчу маьждиган имам, нохчо, лаьцна меттигерчу Iедало, иза кегийрхой Шема тIаме баха кечбеш ву бохучу шеконашца. Цкъачунна набахтехь латтош волчу цуьнан бехк хIинца а тIечIагIбина бац. Амма Шемарчу тIамехь дакъалацар Австрехь бехачу кегиqрхошна тоххарехь марзделла хIума ду.
Ялх Австрехь вехачу нохчочунан дуьхьал талламаш дIахьош бу меттигера Iедалхой. Грац гIаларчу прокуратурин векал волчу Бахер ХIансйорга журналисташка бинчу хаамца, и нах шеконе лаьцна бу, цара террорхойн тобанаш кхолларна а, шаьш цу кепарчу тобанийн декъа хиларна а.
Царех коьрта бехкелоруш верг 41 шо долу Грацерчу „Тавхьид“ маьждиган имам ву, Висит цIе а йолуш. Iедалхоша чIагIдарехь, цуо ша болх бечу маьждигехь хьехамаш беш хилла кегирхошна, Шема тIаме бахар марздеш болу. Цу хьехамаша тIеIаткъам а бина, мел кIезга а бархI нохчийн жимстаг Шемахь гIазот даккха вахана, ткъа царех виъ цигахь вен а вийна, бохуш чIагIдо Грацин прокуратурано.
Цо дийцарехь, баханчу охан баттахь цу маьждигехь лехамаш бина хиллера Iедалхоша, компьютерш а, кехаташ а дIа а гулдеш. Ткъа уьш талларо гайтина боху, цу маьждигехь террорхой кечбеш хилар а, радикалан хьежамаш баржош хилар а. Амма цу маьждигах а, цигарчу имамах а шеконаш Iедалхошкахь масех шарахь дуьйна хиллачух тера ду, цундела церан леламаш полисхоша тергонехь латтош а хилла.
Лаца а лаьцна, Грацерчу набахте воьллина волчу Виситин бехк хIинца а тIечIагIбина бац. Я иза билгал а Шема баха кегирхой кечбеш хила бохург а хIинца а билгал хууш дац. Бакъду, хьаммо а марзбахь а, вуно чIогIа марзбеш-м бу Европерчу нохчийн кегирхошна и Шемара тIом а, цигара гIазот а.
Масех кIира хьалха Маршо радион цхьаьнакхетар хилира Венера Алеппо гIала гIазот даккха вахана хиллачу цхьана жимчу стеган деца. 45 шо долу и стаг, - Ахьмад аьлла йоккхур вай цуьнан цIе, - шен I8 шо долу кIант цига ваханийла хиъча, шен ницкъаца цуо бина некъ талла а теллина, цу некъахула тIаьхьа вахнера шен кIантана Шема кхаччалца. Боккъал а, цигахь караъ винера цунна иза.
Шеца а, генарчу тIамехь гIазот даккха араваьллачу шен доьзалхочуьнца а хиллачух лаьцна иштта дийцира Ахьмада Маршо радионе.
Ахьмад: „Цхьа де а, ши де а, чу ца вогIуш, даьлча, мича вахна те аьлла, цуьнан накъосташка телефонаш дIасайиттира оха. Уьш шайна хIуммаъ хууш доцуш санна, хIума ала лууш бацара. Кхин гIуллакх ца хилла, полисхошка хаам бира ас. Цара ша дIавахана вуй-ваций, бохуш, и къамелаш дора...“
Маршо Радио: Полици а шекхиллерий цунах, иза цига вахана аьлла?
Ахьмад: „Хиллера дера. ХIунда аьлча, иштта дуккхаъ нохчийн кегирхой буйла хууш дара царна. Хетарехь, цига вахана хир ву иза аьлла яра церан хьалхара верси а.
Ма-дарра цара схьабохуш дерг иза дара. Лохур ма ву-кх ас хьуна иза Даламукълахь, аьлла, цуо бина некъ теллина, иза ваханчу новкъа гIур ма ву со, аьлла аравелира со. Кхочу-уш, Туркойн махка кхечира со. Юха цига дIакхаьчча, массаьрга а хоттуш, тIаьххьара а со кхаьчна меттиг Шемара Алеппо олу гIала яра. Ма-дарра, массо а хIума сан дийца йиш яц, цундела ас деталаш хьехор яц. Цу Алеппохь, хот-хотташ, нохчи мичахь бу а хьожуш, лехира ас иза. Нохчи а карийра...
Маршо Радио: Дукха барий цигахь нохчи?
Ахьмад: „Дера бара вуно дукха-м. Уггаре а жимаха верг суна цигахь гинарг I5 шо долуш хир вара. Кхин дукхаха-м хир дацара цуьнан. Цхьаммо цигахь вуй, вукъо кхечахьа вуй, бохуш хан яьккхира ас. Со цига веана вуйла хиъча, суна дуьхьал хIотта ца лууш, лечкъаш а лийлира иза.
ТIаьххьара схьакаравеана, иза а валош, цига юхавирзира-кх со. Ас иза муха валийра, я цига муха хIун хал дара бохучух кхин совтIеха даьккхина хIума ма-дарра дийца суна ца лаьа. Хазанехасанна къа а хьегна, дийнахь – буса а, массаьрга а хоьттуш, ойланаш еш, мичара, муха карор вара те бохуш, хало-м лайра ас цигахь“.
Маршо Радио: Хьо шена тIекхаьчча, хIун бохура цуо? Хьоьца схьаван лууш варий иза?
Ахьмад: „Делахь вацара, башха схьаван лууш-м. ХIунла аьлча, цигахь цу берашна цхьацца и хIумнаш дуьйцуш, Дала хIара бохий, важа бохий бохуш, церан и ойланаш Iеха ма йой. Иштта и ойла Iехийна вара-кх иза. ХIан-хIа, хIара некъ нийса бу, ахь дуьйцург нийса дац, бохуш, хазанесанна цхьа хийцавелла вара. Хьалха хилла кIант вацара иза. ТIаккха ас хазнехасанна човха а вина, тоьхна-тоьхна, валол цкъа, хьалхавалал аьлла, иза валош схьавеара со“.
Муха дагадеана хилла-те хIинца а, ма-дарра аьлча, кхин хIара аьлла бераллера а валанза волчу шен кIантана Шема ваха бохург ша талла волавелча, интернетехула бевзинчу керлачу доттагIаша марздина хиллера цунна и хIума, бохуш, дийцира Ахьмада. Амма цуьнан цига, шена а ца хууш, ваха кадалар шен бехк а лору цуо доккхачу декъехь.
Ахьмад: „Цу бераша шаьш вовшашка телефонаш етташ, и хабарш дуьйцуш, оцу компьютерш чохь Iай, Iехало-кх уьш. Дукхахьолехь, иза цига вахар суна сайн бехк а хета. ХIунда аьлча, схьавол, хьо мичахь вара тахана? Схьагайтал хьайн телефон? Хьо чу мас даьлча веара?
Иштта и хеттарш а деш, цуьнан нене а хоттуш, иза чу-ара маца волу, ас терго ца ярна цуьнан. Цуьнан телефон чохь хIун ду ца хьажар а бу сан бехк. Иза хьаьнца зIенехь ву? Хьенан муьлш бу цуьнан доттагIий? ХIинца тIаьхьакхиъна со цу хIуманна. Цу компьютершкахула бевзачу наха галбохуш, Iехош бу и кегирхой. Дас-нанас шен доьзалхочунна оцу меттехь тидам ца бар ду тIаккха бале долуш дерг“.
Цхьаьна Австрера бIе сов стаг ву Шемахь тIом беш, бохуш, чIагIдо, меттигерачу къайлахчу сервисийн векалша. Царех доккха цхьа дакъа нохчийн къомах болу кегирхой бу бохуш дуьйцу цара. Халахеташ делахь а, уьш цу тIехь бакъболчух тера ду, кест-кеста хьенехагIеран кIант Шемахь вийна боху, бохуш, Австрерачу нохчашлахь даьржачу косташка ладоьгIча.
Ша лайнарг шайн лан ца дезийтархьама, аренца кхиина жима стаг доьзалехь волчу массо а дас-нанас кIирбелла церан тергам бахьара, бохуш кхайкхам бо шен кIант Шемара, кхин тIаьхьа хилале, цIаверзон кадаьллачу Ахьмада.
Ахьмад: „Сайна тIеIоттаделларг, ас лайна хало а, ас бина некъ – цуьнан ас ойла йича, ас массо а кху аренца доьзалехь кхиина кIентий болчу дай-наношка эр дерг ду-кх, шайн Делан дуьхьа, оцу шайн берийн терго яхьара аш. Цара хIун леладо а хьовса, церан телефонашка а хьовса, церан компьютершка а хьовса. Уьш хьанца вовшахбеттало а, цара вовшашлахь хIун дуьйцу а хьовсахьара шу. Доцца аьлча, царна доладар доьхур дара-кх ас“.
Амма Ахьмадан санна, шен хеннахь шен доьзалхо цIавалон аьтто ца болу массеран а. Ши бутт хьалха дара тIаьххьара Австрехь Шемахь вийначу нохчочунна къайлаха, шайн дагахь, Iедалех хьул а дина, тезет цуьнан гергарчара хIоттийча. Нах гучу оьхура, тобанашца а, цхьа-цхьацца а.
Нохчийчуьрчу тIамех ша иза вадийна, кIелхьара ваьккхича, шен кIант ирсе а, дуккха а вехар ву-кх аьлла тешна хилла йолу цуьнан нана а йоьлхура гIийла. Ткъа 2I цхьаъ шо долу цуьнан, зуда ялон а кхианза волу, цхьаъ бен воцу кIант генарчу Шемин лаьттахь Iилла виснера.