Путинан Украина хьаша ойла хийцаелла?

Оьрсийн парламентан лакхарарчу палатано, Путин Владимиран дехарца, юхаэцна оццу Путинан дехарца кхо бутт хьалха юкъабаьккхина хилла сацам. Хьалха президентна Украине эскарш хьовсо елла бакъо ю кхаарий дийнахь юхаяьккхинарг. Федерацин Кхеташоно цхьа стаг бен дуьхьал а воцуш бина и сацам. Ша Австре ваххале, шинарий дийнахь дара Путин Владимира дехардича. Духхьарлера бакъ гIулч ю Украинера хьал тодарехьа Путина яьккхинарг, боху Киево.

Цу юкъанна, оьрсийн сепаратисташа Донбассехь беракема чудожийна, чуьра 9 эскархо а вуьйш. Цуьнца доьзна Украинан Президента Порошенко Петрос дIахьедина, ша деккъа шен агIор герзаш совцор бегIийла доцчух тера ду, аьлла.