«Ишта синкъерам боксан шоу - Нохчийчохь дуьххьара дIаяьхьна, ур-атталла Оьрсийчохь а хилла яц профессионалан боксан шоу. Оьрсийчохь-м стенна дуьйцу, дуьнентIехь дуьххьара хилла хIума ду, суна хетарехь. Ишта шоу-синкъерам цхьаьнатоха а, дIабахьа а лаам а, харж а. ницкъ а беза - и дерриге а тхан долуш ду».
Цу кепара аьллера «Грозный-информ» агенталлина интервью луш Къилбаседа Кавказехь профессионалан боксан федерацин коьртехь волчу Дудаев Шамсадис.
Бакъдерг аьлча, 6-чу дийнахь Соьлж-ГIалахь дIаяьхьначу боксан шоуна кечам чIогIа бинера. Iедаладайша иттаннаш, ткъаннаш миллионаш ца кхоош, дIабаьхьна вовшахтохаран болх боцуш, 30 эзар вахархо, Iедалан белхахо цу боксе кхачо гIайгIа бинера цхьа-ши кIира хьалха дуьйна.
ХIора а юьртабахаман, школан директорна, муьлххачу а тIегIан хьаькамна хьалххехь хууш дара, шен чоьтах ша масса белхахо кхачо веза Соьлжа-гIаларчу Ахмат-арене боксе хьажа. ХIинца дуьххьара а доцуш, хийлазза а «шен лаамехь» футболехь, концертехь цигахь хилла ву, ша бокс-шоу кхачарх цуьрриг а воккхавеш воцу жима стаг Хьусайн. Цо доцца элира ша цига кхачарх а, боксе ша мел хьаьжна а.
Хьусайн: «ХIоккхул стаг хилийта веза аьлла тхан директоре схьааьлла дара. Ца веъча йиш яцара бохуш и яла а гIиртина вахи-кх со отпускехь воллушехь. Дийнахь 1-2 даьлча дIадигина тхо гIала, буьйсанна доьалгIачу сохьтехь цIахь дар-кха. Дукха хиллера леташ берш. Со и йола ме еллехь меллаша ара а ваьлла, тхайн автобус йолчу а вахна , и чекхъяллалц цигахь Iийна-кх, накъостий схьабахккалц. Валлай церан и базарш кIорда-м йина».
Цигахь хиллачара даре а деш, цу синкъераме баьхкина хилла боксан дуьненахь дика бевзаш болу Тайсон а, Холифилд а, Дзю Виктор а, кхиболлу беза баккхий хьеший а.
Спортаца кхин дIоггара зIе а йоцуш, чот йоцуш Iаламат дукха ахча ластийна Соьлж-ГIалахь дIабаьхьначу синкъерамна бохуш дийцира, еххачу хенахь ша боксехь вахчавелла волчу соьлжагIалахочо Ламруда. Цуьнца нисделла сан хIара къамел.
Ламруд: «Цхьана агIор политикан акци ю иза, вукху агIор шоу ю иза. Спортах бозалуш ца хета суна-м и тайпа шоу-синкъерамаш. Цига балийнарш боксераш барий те аьлла шек вара со-м. Кха тIера лецна схьабалийча санна бара-кх царех цхьаберш, мичара муьлш бу а ца хууш.
Картолийн галеш санна дIа-м хIиттийнера уьш. Масала, Окендос аьлларг ас а дешна интернет чохь. Шена миллионашкахь гонорар ца лахь ша вогIур вац аьллер-кх цо. Цигахь юьхьанца дуьйна хилла ву-кх со. «Даб-дип» аьлла тухуш бокс цигахь гайтина а ма яц. Ишта дIа Iуьттуш, Iуьттуш, белаца латта охкуш санна, Iитта-м бели уьш… Шена йогIуш йолу финансаш схьа а эцна, киса дуьззина и дIавахна-кх..
Маршо Радио: -ХIинца хьайн ницкъ кхаьчча, цигахь дайина ахча ахь мича хьажор дара ахь?
Ламруд: « Дукха меттигаш яра и хьажо, ма дукха меттигаш яра. Ма эрна ирх кхоьссира цигахь ахча. Ас цхьана юьххьера дуьйна некъаш дохкуьйтур дара. Я мискачу нахана дIасадоькъуьйтур дара. Шортта бу миска нах марханаш муха достур ду а ца хууш. Марханаш даста аьлла , стадионехь даа хIума доькъуш наха лелориг гича суна къахийтира царех. Бала бохкуш санна, бIарзбелла хьийзаш бара цхьаберш. Эхь дар-кх иза.»
Ламруд теш ву дозаллина а, цIархазмана а доцург, кхин де а бахьна доцуш, цу ахчанан дукхаллина и мича хьур ду ца хууш, лестош ду, ишта ловзарш а деш, Нохчийчохь миллионаш долларшкахь ахчанаш аьлла.
Цхьаболучара тидарехь, харж ца кхоош, кест-кеста махкахь цу кепара дIахьочу къийсадаларша дагайохкуьйту мацах-мацахлерчу заманахь, Iедалехь болучара халкъан дуьхьа, леррина йинчу колизейхь, цIийн Iовраш чохь личчалц, гладиаторш летийтар.
Мел тов бахархошна цигахь еш йолу харжаш? Махкана а, къомана а санехь дуй цу кепара дуьнентIехь гIарадовлар? ЦумогIарера жоьпаш доцу хеттарш чот йоцуш дукха кхоллало нахалахь.