Къинхетам бийр бац Киево сепаратисташна

Герз карахь тIемаш бен сепаратисташ хIаллакбан бен ца догIу, аьлла, жоп делла Украинан тIеман министра Гелетей Валерийс тIом сацорах барт шайца бар дехначу Донбассерчу Оьрсийчоьнехьа болчу тIемалошна. Герз кхоччуш охьадиллича бен хир дац цхьа а къамел, аьлла дара жоп. ТIаьххьарчу шина дийнахь Украинан эскарша хаъал зен дина сепаратисташна.

Оцу юкъанна телефонан къамелашкахь Iамеркан Штатийн а, Францин а президенташа Оьрсийчоьнан президент кхайкхина Украинерчу гIаттамхошна герзаш ца кхехьийтаре а, Киевца бертан къамел долоре а. Шина президента Обама Барака а, Олланд Франсуас дIахьедина, Москох тIеман эскалаци сацош яцахь, цунна хаалур йоллу санкцеш тIеэца еза аьлла.