Iамеркан а, оьрсийн а шпион лаьцна Германехь

Цхьаьнатоьхна Штаташ -- Дийцарш дирзинчул тIаьхьа пресс-конференци луш ду Германин канцлер Ангела а, Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президент Обама Барак а, 02Заз 2014.

Iамеркахойн къайлахчу сервисаша немцойн канцлеран Меркел Ангелин телефонехула долчу къамелашка ладегIна хиларна дегабаам хIинца а тийна бацара Германин куьйгаллехь. Амма кху деношкахь цигарчу къайлахчу сервисхойн могIаршлахь Iамеркахойн айкханча гучуваларо и дегабаам кхин а алсамбаьккхина.

„Къуьнна къола дича Далла а хазхетта“ - аьлла ду цхьана кицанехь. Цунах терра хьал кхолладелла хилла немцойн кхайлахчу сервисашкахь. Ша меттигерчу бахархошна тIехь кIирйелла тергонаш латточу, низамца долуш-доцуш, церан компьютерш чохь доллург толлуш, церан телефонехула долчу кхамелашка ладоьгIуш йолчу немцойн БНД цIе йолчу къайлахчу сервисан белхахо тIетаьIIина цу сервисан къайленаш Iамеркахошна юхкуш хилла.

Товбеца бутт болалуш лаьцна волу и шпион, мел кIезга а, тIаьхьарчу шина шарахь Iамеркерчу Централа талламийн урхаллийна, я вуьшта аьлча, CIA-йна болх беш хилла. Цу юкъана цу кадечу кIанта мехала къайленаш тIехь йолу 2I8 документ дIаделла хилла Iамеркхошка, цу шен балхах 25000 евро ахча а оьцуш, бохуш чIагIдо немцойн Iедалхоша.

Амма уггаре а тамашийнарг цу шпионах долчу дийцарехь кхин ду – ша Iамеркахойн, немцойн шина къайлахчу сервисна цхьана хенахь болх бар ца тоьаш, иза тIехула тIе оьрсашна а шен говзалла йохка гIерташ хилла.

Цу Iалашонца догцIенчу шпиона Мюнхенерчу оьрсийн векалте электронан поштехула кехат яздина хилла, шен жимхалла оьший шуна аьлла. Ткъа ша боккъал а пайдехьа хила йиш йолуш, оьшуш стаг вуйла бохучунна тоьшаллийна цуо шен кехатца цхьаьна кхаа къайлахчу документийн копеш а тесина хилла.

Цу тIехула гучу а ваьлла иза. Google сайти тIехь кхоллинчу имайл адресна тIера цуо оьрсийн векалте яздина кехат немцойн Конституци ларйаран хьукмат цIе йолчу къайлаха сервисо лаьцна хилла. Цара цуьнга оьрсийн цIарах кхоьллинчу харц адресехула жоп яздина, вовшахкхетийта вай, аьлла. Амма агентийн дахаран баххаш мелла а Iамийначу шпионо иза тIе ца эцна, тIехула тIе шен адрес дIа а къевлина, кхин зIене ца ваьлла иза. ХIетте а цу хьукмато а, ша шпионо болх беш хиллачу БНД къайлахчу сервисо а юкъахь схьалехна иза волу меттиг.

Вайн заманахь ур-аттала ишколера хьалхарчу классашкарчу дешархошна а шал-шера хууш ду, имайлаш а, телефонан зIенаш а къайлахчу сервисаш тергал еш юйла.

Ткъа шина пачхьалкхана болх беш волчу немцойн уггаре а нуьцкъалчу къайлахчу сервисан агенто цу хIуманна ойла а ца еш, хийрачу пачхьалкхийн консулаташка ша шпион санна балха дIаэца боху имайлаш дIасатийсаро гойту, и миллионашкахь ясакхйаларойн ахчанаш дууш йолу немцойн къайлаха сервис муьлхачу тIегIанна тIехь болх беш ю, цуо и тайпа нах балха дIаоьцуш хилча.

Бакъду, белхан корматалла башха лакхара яцахь, Джеймс Бондах йолчу фильмашка дуккха а хьежна хиллачух тера ду и пекъар. ХIунда аьлча, шен Iамеркерачу зIехочуьнца иза Германин луларчу Австрехь цхьаьнаветталуш хилла.

Цигахь луш хилла цунна моттбеттарах болу кхаъ. Иштта цигахь Iамеркахоша цунна елла тIехь шпионийн программаш йолу ноутбук а – Нью-йорк гIалахь хенан хIоттам гойту эпп латийча, Вашингтонерчу CIA- ца зIене валалуш йолу. Доцца аьлча, кино чохь санна.

ХIинца кхехкаш ю немцойн юкъаралла. Цхьана агIор, иза оьгIаз яхана ю доллучу дуьненна а тIехь терго латто гIертачу Цхьанатоьхначу Штаташна.

Амма кхин а алсамох церан оьгIазло кхуллург ду Германин къайлаха сервисаш сел гIорасиз хилар. Кху тIаьхьарчу кIиранашкахь Бундестагехь кхоьллинчу леринчу комиссино толлуш дара, Iамеркхойн муха кадаьллера канцлеран Меркел Ангелин телефоне ладегIа бохург. Ткъа шпион юккъера цу комиссин балхах йолу информаци Iамеркахошка дIатоьлуш хилла!

Цундела цецволийла дац немцойн хаамийн гIирсашкахь кху деношкахь хезаш долчу шайн урхаллех а, къайлахчу сервисех а, низам лардаран системех догмовла довларх. „И хилам – БНД къайлаха сервис банкрот хиларан тоьшалла ду.

Стенна оьшуш ю вайна и хьукмат, цуьнан шен белхахой а вовшех теша йиш ца хилча? Вайна цара деш тешна а цхьа а дика болх а ца хилча, ахчанаш даар бен?“ - иштта ю меттигерчу бюргерша а, хаамийн гIирсаша уггаре а алсамох хозуьйту ойла.

Ткъа Германин урхалла? Цуо дера дика шена ишттачу хьелашкахь уггаре а дика карадирзинарг – киснахь буй хьежор. Китайхь официала визитаца йолчу Меркела цигара схьа „эхI, ма эхь дара шуна иза!“ - бохучу хьесапехь бехк баьккхира Iамеркахойх, доттагIашна тIехь шпионалла лелош ма ца хуьлу аьлла.

Ткъа Германин президента Гаук Йоахима, нагахь санна иза бакъ делахь, „тоьар ду хIинца!“ ала деза вай Iамеркахошка элира.