Савченко Надийа Воронежерчу набахтехь латтайо

Украина -- Савченко Надийа, украинан пилот

Украинерчу сепаратистийн карахь йолчу Луганскехь лаьцна, дIа а йигина, оьрсаша шайн махкарчу Воронеж-гIалин набахтехь латтош ю украинахойн кемалелорхо Савченко Надия. Иза бехкейо бахначу бетта юккъехь Донбассехь оьрсийн ши журналист вуьйш дакъалацарна.

Оьрсийчоьнан Iедало юха а шегахьа а ийзош дуьйцу Савченко Надийа Воронежерчу набахте кхачаран некъ бовзуьйтуш. Иза Донбассерчу тIамах бевдда баьхкинчу нахаца еанера боху цара Оьрсийчу. Ткъа Украино чIагIдо, кемалелорхо Луганскерчу сепаратисташа, шаьш лацча, елла кремлхойн кара бохуш. Оцу хьокъехь сагатдо Украинан президента Порошенко Петрос, протест дIакхайкхийна арахьарчу гIуллакхийн министралло.

Цхьа хан хьалха шайн мехкан машарбаран тобанца Иракъехь хилла йолу МИ-24 беракеман штурман, 33 шо долу Савченко Надийа сепаратисташа лецира Луганскан къоштарчу Счастье-гIалина гергахь, лаамехь тIаме хIоьттинчу «Айдар» тобанехь иза йолуш. ХIетахь иза лаьцча шаьш цуьнга бина хаттам тIехь болу видео яржийра Луганскерчу оьрсийн сепаратисташа.

Воронежерчу ханна леринчу набахтехь кхобучу Савченко Надиягара хьал довза аьтто белира Маршо Радион. Оцу хьокъехь дуьйцу йоьIан адвокатех цхьамма. Ала дашна, Оьрсийчохь шен маьрша дог-ойла хиларца вевзаш а, цхьа хан хьалха феминистийн Пусси Райтерчу набахтехь Iийначу мехкарийн агIор кхелехь дакъалаьцна а ву иза - Фейгин Марк.

Савченко Надийа муха кхаьчна хила тарло Оьрсийчуьрчу набахте бохург цунна иштта го.

Файгин: «Кхеташ ду, парггIат Воронежерчу хенан набахтехь цуьнца маьршша къамел дойла да, делахь а лартIехь верг тIаьхьакхиа хала дац иза лаьцна юйла а, кхуза схьаеллийла Луганскерчу хакъан республика шайх олучу тобанаша. Сан цхьана а кепара теша бух бац, цо шен лаамехь Оьрсийчоьнан доза а хадийна, иза дозанехь цхьана тобано лаца а лаьцна бохучух, иза фантастикера хIума ду».

Набахтехь гIело йой те Савченко надияна, кхайчаой те цуьна дуьненаюкъарчу низамаша тутмакхна луш йолу бакъонаш? Цунах богу Оьрсийчуьра набахтеш дика евзаш болу миллионаш украинахой а, ша Оьрсийчуьра сина маьрша болу нах а.

Воронежера бакъоларъярхой а бу украинахойн кемалелорхочух дог лозуш а, иза латточу набахте кхаьчна а. «Оьрсийчоь кIелояр доцуш» цIе йолчу юкъараллан меттигерчу декъан куьйгалхо ву Малахов Анатолий. Иза а хилла набахтехь Савченко Надия ган вахана.

Малахов: «Со и йолчу кхаьчна, шена вон хилча, я йиттина хилча, адам Iадийна Iаш хир дара. Маьршша ду лелар, маьршша буьйцу оьрсийн мотт а. Цхьана а тайпа ницкъ биний хьуна хаьттича, хIан-хIа боху».

Амма мел мухха а делахь евзаш йолу украинахо таханенна тутмакх ю Украинехь лелачу харцонийн ша декъахь яц бохуш дуьне а тешо гIертачу Оьрсийчоьнан.

Къоначу зудчунна атта дац шена тIехула хьийза политикан а, юридикан а кийтарлонаш лан а, царех дог-ойла ца оьшуш, кхетам ца телхаш маьрша йиса а.

Оцу маьIнехь дара Маршо Радиога Савченко Надиян адвоката Файгин Марка дуьйцург а.

Файгин: «Надийан леларх баккхийбе нах. Со хьаьжна иза лаьцначара ен юьгуш яьккхина видео, иза оцу нахана тIехь йоьлуш го. Къонахалла гойту цо, даймахканна делла дош кхочуш а до. Цо баккхийбебо мехкан малхабалехь боьду тIом тергонехь кхобу дукхахболу украинахой. Суна а лаьа, цуьнан макхкахой тешон, дахар дерриг а доьхна, дIадаьлла дац. ХIинца мелла атта хила тарло цунна, иза цигахь, Луганскехь, кхалха а ма тарлора! Ткъа хIинца адвокатех а дозу дуккха а, дерриг а ца дазахь а. Цундела со гIоьртира мелла а цуьнан догъэца».

Украинан дипломаташ, пачхьалкхан хьукматаш ю дуьненаюкъарчу урхаллашка Кремло Украинехь лецна, я лецийтина нах Оьрсийчу а кхачош, набахтешка хийшош хилар Европан кхеле дуьллуш аьрзнаш яздеш. Ткъа Оьрсийчоьно даима а санна къера дареш до ша хIуманна а бехке а яц, шен украинахошца цхьа а гамо а яц бохуш.