Украинин территори тIехь охьадоьжна Malaysia Airlines авиакомпанин Boeing 777. Хаамийн агенталлаш дийцарехь, цу тIехь хилла 280 некъахо а, экипажан 15 стаг а. Цкъачунна официалан информаци яц хиллачуьнан бахьана дуьйцуш.
Делахь а цхьаболчу Украинин Iедалан векалшна хетарехь, кема герз а тоьхна охьадожийна ду. «ХIинцца Торезан (гIала) тIехула террорхоша Путина безамца шайна еллачу «Бук» олучу ракетийн комплексца чудаийтина Амстердамера Куала-Лумпуре доьдуш хилла некъахойн кема. Тахана Iуьйранна меттигерчу патриоташна гинера и комплекс Торезера Снежное олучу эвла юьгуш», - аьлла яздина шен Facebook-ера агIон тIехь Украинин чоьхьарчу гIуллакхийн министран хьехамчо Геращенко Антона.
Хьалхо РИА Новости агенталло хаам бинера, Торез-гIалина гена доцуш йолчу «Прогресс» олучу шахтина уллехь АН-26 олу кема охьадоьжна аьлла. Цунна ракета кхеташ гина меттигерчу бахархошна.