Адамаш дойуш ду Израило операци дIахьочу Газехь

Лаххара а 24 палестинахо а, жуьгтийн цхьа салтти а вийна Еарин дийнахь Газа асанехь Израило тIеман операци дIайолийначул тIаьхьа. Иттанаш нах лазийна бу. Израилан армин буьйранчаллан векалша дийцарехь, цу операцин Iалашо ю ХАМАС-е Израилна тIе ракеташ еттар сацадайтар. Товбеца-беттан 8-чу дийнахь дуьйна Израил ракеташ а, бомбанаш а йетташ ю Палестинин Газа асане.

Еарин дийнахь масийтта сохьтана герз деттар сацийнера шина агIоно. Иза динера гуманитаран организацешка Газехь бехачу нахана хи а, кхача а, кхин долу сурсаташ а дIакхачадайта. Цхьаьанакхеттачу Къаьмнийн Организацин инарлан секретаро Бан Ки Муна кхайкхам бина Израиле, маьрша нахана юкъахь дараш ма хилийта аьлла.

Газехь урхалла деш ю ХАМАС олу тоба. Цу тобанан векалша чIагIдарехь, кху беттан 8-чу дийнахь дуьйна Израило ракеташ а, бомбанаш а йиттина вийна 260 гергга палестинахо. Церах дукхах берш маьрша бахархой бу.