Украинин сепаратисташа дIалаьцначу малхбалехь маьрша некъахой чохь болу кема чудаийтар бахьана долуш Оьрсийчоьнна дуьхьал яха там болуш лору дуккхаъчу тергамхоша герз дохкарна эмбарго еш йолу санкцеш. Малхбузерчу цхьа могIа куьйгалхоша а, цIеяхханчу аналисташа а оьрсашкара эцна я оьрсаша делла герз тоьхна чудаийтина лоруш ду даханчу еари дийнахь дожийна долу Ниделардандашкара Малайзе доьду кема, шена чохь 300 герга некъахо а волуш хилла долу. ХIетахь дуьйна Оьрсийчоьне герз дохкар сацадайта деза боху аьзнаш дека долалеллера Европехь, цигарчу пачхьалкхийн лакхарчу даржашкарчу нахера а, Оьрсийчоьнах болчу эксперташкара а.
Брюсселера саммит дIайолаялле Британин арахьарчу гIуллакхийн министро Хаммонд Филипа дIахьедар динера, шен пачхьалкхенан лаам бу, Оьрсийчоьнан президентан Путинан гергарчу гуонера нахана санкцеша тIеIаткъам беш ган, аьлла. Оьрсийчоьнна дуьхьал шога санкцеш яхаран агIонча ву иштта Британин премьер-министр Кэмерон Дэвид а.
ТIаьхьарчу деношкахь цу пачхьалкхана герзаца мах лелор дехка деза бохург юхьаралаьцначех ву иза. „Вай бан беззачу кепара цу бохаман талламан дIабахьар Iалашдан деза. Амма иза дина Iен йиш яц вайн – вай Оьрсийчоьно Украинехь лелош йолу дестабилизаци сацон еза. Ткъа и бохург цунна дуьхьал кхин дIа а санкцеш яха еза бохург“, - элира цуо журналисташка.
Иштта Кремлан кхин дIа а шогачу санкцешца садукъдан деза аьлла хетачу Европерчу пачхьалкхашна юккъехь ю Швеци а, Латви а, Литва а. Ю царна юккъехь Малхбалерчу Европера пачхьалкхаш а, Польша, масала, я Чехи, шаьшна а Оьрсийчоьнан агресси бале ялар кхоьруш йолу. И пачхьалкхенаш яра шинари дийнахь Брюсселехь дIаяхьанчу Евробертан арахьарчу гIуллакхийн министрийн саммитехь Кремлана дуьхьал рогIера, хаъалла буьрсох йолу, санкцеш яхийтарехь къуьйсуш хилларш.
Амма кест-кеста Оьрсийчоьнца доьзначу хеттаршкахь хуьлуш ма-хиллара, церан аьтто ца белира, шайн луург тIедаккха. Уггаре а чIогIа царна дуьхьал яьлларг Франци яра. Иза кхеташ а ду. Цхьа миллиард I20 миллион еврона меха контракт ю францхойн урхалло кхо шо хьалха, 20II-чу шарахь, Кремлаца йина, оьрсашна „Мистрал“ цIе йолу биркеманаш дIасалелон хIурдакеманаш дохка а аьлла. Царех хьалхарниг кху деношкахь дина а аьлла, кесталгIа Оьрсийчу дIакхачор долуш ду.
И ши хIума – багахь Оьрсийчоь цуо Украинерчу сепаратисташна герз латторна критика а еш, ткъа бакъдолчехь ша Оьрсийчоьнна цу тайпана деза а, мехала а хIурдакеманаш Францино дохкарий, Украинехь, хетарехь, оьрсийн ракетица некъахойн кема чудаийтарий цхьаьна муьрехь нисделла хиларо а вуно маьттазчу агIор гойту цхьаццаболчу Европерчу куьйгалхойн леламаш – шайна са хилчхьана, кхин хIуммаъ бен а ца хеташ я мехала а ца лоруш болчу, ткъа адамийн бакъонаш ларйарий, нийсо юхаметтахIотторий мерах а ца хьакхалуш болчу, нагахь санна и демократех а, адамийн бакъонехь долу деса хабарш шаьшна пайдехьа дацахь.
ХIинца Оьрсийчоьнна а, Украинина а гуонахьа хIоьттинчу хьелашкахь а ю Европерчу цхьаболчу политикийн и шалхаллаш лелоран говзалла ша ма-ярра гучуйолуш. Кхин а сов – вовшашна тIе кхойкхуш, беламечу а, кхардамечу кепе, я вуьшта аьлча, вовшашна мотт беттачу берийн амале боьрзуш бу Оьрсийчоьнца шаьш лелош долчу йохк-эцаршна зе хиларна кхерабелла болу цхьайолчу пачхьалкхийн векалш. Иштта, масала, Украинехь сепаратисташа оьрсийн герзашца беш тIом лаьтташехь, Францино оьрсашна сел кхераме а, царна сел чIогIа дезаш долу „Мистралш“ дохкарна Британино емал дича, цунна дуьхьал хIинца Iедалехь йолчу францхойн социалистийн партин куьйгалхочуо Камбаделис Жан-Кристофа аьллера, Францина критика ечул, цкъа хьалха оьрсаша шайца лелочу бизнесца дерг къасто деза британхоша, аьлла.
Европахоша цу кепара вовшаш аьшнаш бар а, церан барт ийгIар а, кхеташ ма-хиллара, Кремлана вуно санехь ду. Кицанехь олуш ма-хиллара, шиннан дов даьлча, кхозлагIчунна схьадолу. Амма йоццачу ханна Оьрсийчоь керлачу санкцех кIелхьараяьллехь а, шеко а йоцуш, кесталгIа Малхбузено цунна дуьхьал дохучу гIуданийн шогалла лакхаер ю аьлла тешна ву Евробертан, Оьрсийчоьнан юкъаметтигаш шен тергонехь латтош волу политолог Чапханов Руслан. Цунна хетарехь, шинари дийнахь Евроберто сихонца Оьрсийчоьнна дуьхьал гIулчаш ца яхаран коьрта бахьана – иза европахойн цIарна цIеяххана йолу бюрократи ю.
Чапханов: „И санкцеш хIинца ца йича ца йолучу даьлла ду гIуллакх. Оьрсийчоьнца экономикан маза мел чIогIа белахь а, уьш йийр йолуш а ю. Европахойн политикийн Iедал ду, шаьш йоккхучу хIора а гIулч, цуьнан тIаьхьалонаш муха хир ю-те, аьлла дустар. ХIинцалца а иштта вовшах а бетталуш, цхьа де, ши де, кхо деза тхуна кхин а сацамаш бан, бохуш, лела а лелла, санкцеш ян ма йирий цара Оьрсийчоьнна дуьхьал. ХIинца а йийр ю, шеко а йоцуш. Бюрократи ю уьш иштта сиха ца яран бахьана“.
Билгал цхьа барт шинари дийнахь Брюсселехь гулбелла хилчу Евробертан коьртачу дипломатийн ца хиллехь а, амма еари дийнахь рогIерчу шайн гуламехь и гIуллакх кхин дIа а дийцаре дан дагахь бу уьш. Ткъа цкъачунна Евробертан 28 пачхьалкхенан арахьарчу гIуллакхийн министраша Еврокомиссин декъашхошна тIедиллина, Оьрсийчоьнна дуьхьал яха йиш йолчу керлачу санкцийн хьокъехь талламаш бар.