Герзаш деттар сацо реза бу Палестинин векалш

ХАМАС-тобано а, «Исламан джихад» цIе йолчу тобано а дIахьедар дина шайн агIор 48 сохьтана Израилна тIе герзаш деттар сацо кийча ду шаьш аьлла. Хаамин агенталлаш дийцарехь, цунах лаьцна Рамаллахехь вист хуьлуш хаам бина Палестина маьрша яккхаран организаци олучу боламан векло Раббо Ясира.

Цо дийцарехь, тIемаш сацор 72 сохьтана дахдан аьтто хила мега, Цхьаьнакхеттачу Къаьмнин Организацино иза ма-аллара. Шинарин дийнахь Израило луьра тохарш дина Газа-асане. И бахьана долуш йохийна Газана оьшуш йолчу тоьках кхо дакъа дича, ши дакъа латтош йолу электростанци. Израило бомбанаш а, ракеташ а йиттина кхечу Газера объекташна а. Жуьгташ уьш ХАМАС объекташ ю боху.

ТIаьххьара болчу хаамашца тIаьхьарчу хенахь Газехь вийна 1100 сов палестинахо. Царах дукхах берш маьрша бахархой бу. Израилан дараш ду 53 эскархо а, 3 маьрша вахархо а. Израилан премьер-министро Нетаньяху Биньямина дIахьедар дина, шайн тIеман кампани яхлур йолуш ю аьлла.