Украинан малхбалерчу кIошташкарчу конфликто махках вохийна 285 эзар вахархо, хаам бина Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин агенталло. Оцу хьукматан Европерчу директора Коштель Винсента бахарехь, шайн-шайн меттигаш йита лууш, дIаязвелла ву кхин а 117 эзар стаг. Цо бахарехь, Оьрсийчоьне тховкIело ехна 168 эзар Донбассан вахархочо. Ткъа Кремлан хьостанаша шайн пачхьалкхе кхушара мухIажиралла дехна Украинан бахархой бу боху 730 эзар. Коштельна и терахь бакъ хила а мега аьлла хета.